"Доьзало йуьйр йу баьхнера". ГIелонах йедда нохчийн йоI лачкъийна кадыровхоша
Санкт-Петербургера полицин белхахоша Нохчийчуьра ницкъахошца цхьаьна Сулейманова Седа лаьцнера марсхьокху-баттан 23-чу дийнахь. Шо гергга хьалха цIера йедда хиллера иза, динца дас-нанас Iаткъам барна а, "сий лардеш" ша йерна а кхийрина. Нахана гергахь йоI бехкейина къола дина аьлла, ницкъахой цхьаьна а болуш, Соьлжа-ГIала доьдучу кемана хаийра иза. ХIара дуьххьара хилла хIума дац, кадыровхоша харц бехкаш а дохкуш, махкара девдда зудабераш йухадуьгуш, билгалдоккху бакъоларйархоша. Шо гергга маршонехь... Читать дальше...