Саидов Билал. Ненан мотт
Билал Саидов Ненан мотт Хьох лаьцна яздина, Дийца а дийцина. “Хьайна безахь”,бохуш, Хьеха а хьо бина. Хьехорах пайда буй, Хьо хууш ца хилча? Хьо бийца хуур дуй, Хьо безаш ца хилча? Хьо бийца Iемар вац Дагна хьо ца безарг. ЮьхькIайн а лелар вац Хьо бийца цахуург. Нехан говра хиъна Вон бере шех хилла, Кхардамехь вехар ву Хьо хийра леринарг. Хьо безаш волчунна Пондаран аз ду хьо, Хьайца уьйр йоцчунна Гихь беза мохь бу хьо. Хьо хууш волчунна ЖовхIарийн хIонс ю хьо, Хьайца шовкъ йолчунна Чам тайна стом бу хьо. Читать дальше...