"Шуна бIаьргашца го, тхуна - дагца..."
Дуьненаюкъарчу могушалин юкъаралло динчу зерашца Оьрсийчохь 275 эзар бIаьрса дайна а, бIаьрса ледарчу хьолехь долу а нах бу. Ткъа хIора шолгIаниг бIаьргашца цхьацца лазарш долуш ву. Оцу юкъараллан говзанчаша чIагIдо, нагахь санна цамгар ца йолуьйту агIо ца лелаяхь, цхьа кхо шо далахь и терахь кхин а шозза совдаларан кхерам тIехь лаьтташ хилар. Лоьраша бакъдарехь, 75 гергга процент нехан галдаьлла бIаьрса юхаметтахIоттодойла ю Хала хеташ делахь а, оцу проценташлахь ца нисбелла тхан программин декъашхой. Читать дальше...