ДАIИШ-ан коьрта идеолог вийна
Ша шех «Исламан пачхьалкх» олучу ДаIиш тобанан куьйгаллехь пресс-секретаран болх беш вара Абу Муххьамад ал-Iаднани. Цу тобан официалан идеологи кхуллуш мехала рол ловзийна волу и стаг кху деношкахь вийна аьлла дIахьедина ДаIишан векалша.