ДАIИШ-ан чалтачаш карзахбевлла
Туркойчоьнан гIоьнца Шемарчу Маьршачу Эскаро цхьа могIа гIаланаш схьа а йохуш, шайна тIеман эшамаш бар лан дезначу ДаIиш тобано шен къизаллин рогIера тоьшалла гайтина. Кегийчу бераша йийсархой бойъуш видео яржийна цара.