Туркойчоь шайн мостагI хилийта лууш бац Шемарчу тIамехь болу нохчий
Кху беттан 11-чу дийнахь Шемахь Асад Башаран тIеман ницкъашца тIом бечу цхьана тобан хьалханчо Муслим Шишанис леррина дIахьедар дира Туркойчохь Истанбулерчу дуьненаюкъарчу аэропортехь, зуламен телатар а дина, адамаш дайарца нохчийн цхьа а юкъаметтг яц аьлла. Мединехь дина тIелатар а емал дира Шишани Муслима, цигахь хилларг ша а, шен накъосташа а халахетаршца тIеэцна хилар билгал а доккхуш.