Лоькхучу иллешца, эшаршца, йоьшучу байташца, дечу хелхаршца билгалдаьккхира Ненан меттан де махкахь.
Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ, Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь. "Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ"! Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь. Нохчийн къоман иэсехь яха йисина Арсанукаев Шайхин 60-чу шерашкахь язъйина хIара «Ненан мотт» цIе йолу байт. ХIетахь, юкъараллехь нохчийн мотт бийцар дихкина хиллехь а, тахана хIора а хецна маьрша ву, шен мотт бийца а, беза а. Амма хIетте а, кхин тоделла хьал дац хIинца а, ша оьшуш хилар бен де-дийне. ХIетахь бийца дастам а хетта, дIатесна мотт, тахана а лела ша –шенна. Читать дальше...