Оьрсийчуьрчу регионашкахь стохка динчу берийн терахьаш (1000 стаг лерича)
2015 шарахь Оьрсийчоьнан 44 регионехь алсам бераш дар бахьана долуш цигарчу бахархойн терахь алсамдаьлла. Вуьшта аьлча, Оьрсийчуьра ах сов регионащкахь дуьненчу девллачу берийн терахь алсамдаьлла нах кхалхаран терахьал а. Дустархьамма аьлча 2000-чу шарахь цу тайпа регион 11 бен яцара. Уггар дукха бераш дина меттиг, Росстато дийцарехь, Къилбаседа Кавказ ю. Цигарчу бахархойн терахь 2015-чу шарахь алсамдаьлла 83 эзар 900 стагана. Нийсса бIостанехьа жамI делла Оьрсийчоьнан юккъерчу регионаша. Цигарчу бахархойн терахь лахделла 89 эзар 300 стагана. Читать дальше...