Iамерко керла санкцеш кечъеш ю Оьрсийчоьнна дуьхьал
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кечъяр тIедиллина, генара а, гергара а йоьлху ракеташ (ДРСМД) хIаллакъян бина барт цо бохорна. КIайчу цIийнан сайтехь зорбане баьккхина и хаам. И барт ца ларбинчунна тоха таро ю Iамерко шен санкцеш. Оцу нехан Iамеркера активаш сацош, шайн пачхьалкхе бахкар а доьхкуш, кхи дIа а "президентан лааме хьаьжжина" дозанаш тухур долуш ду бехкечарна. 1987-чу шарахь Советан пачхьалкхо а, Iамерко а куьйгяздира, генара а... Читать дальше...