Воронежерчу набахтехь хан текхна воллушехь, юха а набахте кхачийна ФСБ-но пхи стаг
Шайна хьалха кхелан сацамашца тоьхна хенаш Воронежерчу №3 набахтехь токхуш воллучу 5 стага вовшахтоьхна терроризман маша ша Iора а баьккхина, оцу наханна юха а ехха хенаш йиттина, хаам баржийна Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисо (ФСБ). Кхелан сацам хилла Лахьан-беттан 13-чу дийнахь. Тоьхна хенаш ю 8,5 шарера 24 шаре кхочуш. Бехктакхаман кодексан пхи артикл талхор бехкедо Бугаков Русланна, Гатджибаибов Герьясна, Чаусов Русланна, Степанов Максимна, Мухаметзянов Сергейна. Царех массарел воккхахчун ду 49 шо, жимахчун – 31. Читать дальше...