Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
Radiomarsho.com
Июнь
2022
1
2
3
4
5
6
7
8 9
10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24
25
26
27 28 29 30

Кадыровн критикна кIело йинчун дов хатта долийна Германехь

0
Кадыровн критикна кIело йинчун дов хатта долийна Германехь

Оппозицин ютуб-блогеран Абдурахманов Тумсон вешина, Абдурахманов Мухьаммадна кIело яр вовшахтохарна бехкевечу Д.Валид цIе йолчу Нохчийчуьра вахархочунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх тахана Мюнхенерчу Лакхарчу латтанан кхело листа долош ду. Цунах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиино.

ФРГ-н прокуратин хаамашца, режиман критик ве аьлла, бехкевечунна тIедиллинера 2020-чу шарахь Нохчийчуьрчу къайлахчу сервисаша. Германин дозана тIехь вехачу Абдурахмановн адрес Д.Валидна хаийтина ФРГ-н конституци Iалашъечу Урхаллин цхьахволчу белхахочо бохура – къайлаха болу хаамаш нахалабахарна бакъоларъяран органаша таллам болийра оцу хьокъехь.

Deutsche Welle гIирсо хаамбо, кIелоярх гIуллакх вовшаххоьттина иштта, иза вен дезаш хиллачу коьртачу тешо – нохчочо А.Тамерлана динчу мукIарлонна тIехь. 2020-чу шеран ГIуран-баттахь тешо ша дийцина хиллера цунах лаьцна шегга Абдурахмановга.

Бехкевечун цIа чохь  талламаш бира – цуьнгахь карийра, тата ца долуьйту гIирс тIебоьллина тапча. Д.Валидна кхел йийр ю шога зулам вовшахтохарна а, герзах долу низам дохорна а.

Дов хатта буьйлабалале хьалха Абдурахманов Мухьаммад кхеле вистхиллера кехата тIехь динчу дIахьедарца, цу тIехь цо хаийтира аьтто ца баьлла кIелояр политикан бух болуш хиларх.

"Со вен гIортаран бахьана дара, Оьрсийчоьнна муьтIахь долчу Iедалан Нохчийчуьра ражна дуьхьал сан вешин Тумсон йолу жигара позици. Со тешна ву, со вен омра Нохчийчоьнан урхалло делла, Кадыровс къобалдина дара аьлла. Оьрсийчоьнехьа йолу Нохчийчуьра режим со Германехь вен гIоьртинийла сайна хиъначул тIаьхьа, суо кхерамзаллехь ца хета суна, амма цо цец ца ваьлла. Сайна а, сан вешина а кхин дIа а кIелонаш ярна кхоьру со. Амма тхойшиъ кхеравойтур вац охашиммо.  Со тешна ву, йоьдучу процессехь оцу гIуллакхан политикан бух хилар кхело тергоне оьцур ду аьлла", - далийна Абдурахмановн дешнаш Deutsche Welle ресурсо.

 Хьалхо Абдурахманов Мухьаммада ма-дийццара, цунна вен Iалашонца кIело вовшахтохар тIедиллина хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичина Эдильгириев Пахруддина.  Германехь веха юкъалеларг карийра Эдильгиревна – Дадакаев Валид – цуьнга ахча а дIаделлера. Вен Макаровн тапча Дадакаевс эцнера шен гергарчу стагера, Цакаев Романера. Иза вевзаш ву, 2019-чу шарахь Абдурахманов Тумсо сийсазвеш, видео дIаязъярца. Герз къайлах Германи кхачийнера Дадакаевс.

Стохка Германин Iедалхой реза хилира, Абдурахманов Мухьаммадна тховкIело яла дуьхьалояр юхалиста. Хьалхо кхел тIетевжинера, цуьнан дехарехь "керла бух" бац статус луш сацам тIеэца аьлла.

Абдурахманов Тумсона тIелатар дира 2020-чу шеран Чиллан-баттахь. Шен хIусамехь хиллера иза, цуьнан коьртах жIов тухучу хенахь. ТIелеттачуьнгара гIирс схьа а баьккхина, полици кхайкха ларийра блогер. Цуьнан гIуллакхна тIехула кхело сацамбира 2021-чу шеран Дечкен-баттахь. ТаIзар динарш – Оьрсийчоьнан бахархой бу.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Абдурахманов Тумсос дийцира, шена дина тIелатар талларх лаьцна а, кIелойинчул тIаьхьа шен дахарх хетачух.

2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а тIемало Хангошвили Зеламха. 2017-чу шарахь Киевехь йийра Окуева Амина. 2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь эккхийтира Киевехь Гуьржийчоьнан вахархо, нохчо Махаури Тимур.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин сообщил об открытии «Домиков добра» для сбора гуманитарной помощи


Спорт в России и мире
Москва

Пожар у станции «Динамо» в Москве потушен


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев, Кафельников, Федерер, Маррей, Роддик, Агасси поздравили Синнера со статусом первой ракетки мира


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Составлен ТОП-3 регионов-лидеров по числу пунктов приема вторсырья





Путин в России и мире
Москва

Путин: Москва поддерживает идею о разработке хартии многообразия в XXI веке


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Видео: Истерика в Ереване: Пашинян против Лукашенко




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

США обязаны передать Киеву "эскадрильи истребителей", заявил Зеленский


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



VK Fest

Планы на выходные 15 – 16 июня: VK Fest в Сочи и продолжение «Бриджертонов»



Москва

Власти Москвы будут штрафовать за апартаменты в офисах

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net