Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь массанхьачул а хала ду ипотека эца
![Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь массанхьачул а хала ду ипотека эца](https://gdb.rferl.org/9B5AE77D-4D21-4352-BB08-518415457422_w800_h450.jpg)
Ипотека кхиарх йолу 2020-чу шеран рейтинг х1оттийна "РИА-Новости" агенталло. Оцу рейтингехь тIаьххьара мехкаш бу Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан.
Ипотека эцадаларца иштта ледара ду хьал аннекси йинчу ГIирмехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Алтайхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а.
Эксперташна хетарехь, бахьана хила тарло бахархошна ипотека эца цалаарца я банкаша иза эца аьтто беш бацарца.
2019-чу шеран рейтингехь уггаре ледара хьал дара ипотека эцарца Дагестанехь, Кхарачой-Чергазийчохь, Нохчийчохь.