ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 75 дархо, керла ун къаьстина 1 325 стагаца.
Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 29 вахархо, Дагестанехь -11, Нохчийчохь – 10, Ставропол-махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а- ворхI-ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь – 4, Къилбаседа-ХIирийчохь – 3, ГIалгIайчохь а, ГIалмакхойчохь а - - шишша.
Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 754 стаг, боху официало.
Дийнахь-буса... Читать дальше...