"Оьрсийчоьнан Ӏедал сан къоман декъашна тӀехь даздан гӀоьртира и де". Нохчийчохь Керла шо даздарца боьзна къийсамаш
Керла шо герга мел кхочу, Соьлжа-ГIала хийцало: гирляндаша къагийна хьулу урамаш, ткъа 42 метр лекхачу базалго хазйо гIалин коьрта майда. Дукхахболчу нохчийн бахархоша хазахеташ тIоьцу и дезде, ткъа вукхара иза бусалба нахана хийра лору. Цхьана декъо и де дузу бохамечу хиламашца, ма-дарра аьлча, Керлачу шеран буса Соьлжа-ГӀалана штурм йарца. Тхан сайто теллира, муха тӀеоьцу республикерчу бахархоша Дечкен-беттан 31-гӀа де.
Даздарийн атмосфера йелахь а, хӀора шо чекхдолуш нохчийн социалан машанашкахь къийсамаш лелха Керла шо даздан мегаш хиларх лаьцна. Цхьаболчара иза "исламан динца доцу" дезде лору, иза ма дазде бохуш, кхайкхамаш бо. Вукхара и терахь дузу Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдуш Соьлжа-ГӀалахь штурм йолайаларца. ХIетахь дуккха а маьрша бахархой байъира, хIаллакйира гIишлош а.
Билгалдаккхар: Керлачу шеран буса, 1994-гӀа шо чекхдолуш 1995-гӀа шо долалуш Соьлжа-ГӀалана штурм йина де ду. 1994-чу шеран дечкен-беттан 31-чу дийнахь дӀадоладелла гӀалина го лацар гергарчу хьесапехь кхаа баттахь лаьттира. Луьра тӀемаш бинчул тIаьхьа Соьлж-гӀала дӀалецира Оьрсийчоьнан эскарша. Шина а агӀор вийнарг 8 эзар сов ву, ткъа маьршачу бахархойн терахь, тайп-тайпанчу хаамашца, 5 эзар стагера 25 эзар стаге кхаччалц хилла. Оьрсийчоьнан политикан а, тӀеман а куьйгалхой оцу зуламна бехкехиларх хаттар тахана а диллина дуьсуш ду.
Керла шо даздарх лаьцна къамелаш жигара дийцаредо динан радикалаша, чӀагӀдора Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа. Кадыров Рамзана масийттазза харцдира Керла шо даздар къилахь ду боху хабарш. Цо бахарехь, Керла шо бохург кхин а цхьа шо чекхдели, рогIераниг доладели бохург ду: "Вайн республикехь Керла шо даздийр ду. Бусалба динан дезде санна а доцуш, деккъа ша Керла шо хиларе терра. Къилахь ду маларш мийлар, ткъа Керла шо цуьнца цхьа а уьйр йолуш дац".
Иштта Кадыровс кхайкхам бира Оьрсийчуьрчу бахархошка Керлачу шарахь садаӀар Нохчийчуьрчу а, мехкан кхечу регионашкарчу а курорташкахь хилийта шайн аьлла. ДIахьедора "Оьрсийчохь садаӀар Европехьчул а кхерамзе ду" бохуш. Цо хьалхо нахана хьалха дIагайтинера ша цу дезчу тIера хилар- ГIура –Дадин духар а духий, байташ йоьшура, шен куьйгакIеларчу хьаькамашлахь Керлачу шарна лерина дика байт йоьшуьйтуш, къовсадаларш дIахьора цо.
ХIетте а оцу дийнахь даздаршна тIехула луьйш болу нах бовлу. Соьлжа-ГIалин бахархой а, социалан машанашка йазбелла нах а дуьхьал бара Керлачу шеран базалг маьждигна дуьхьал хIотторна, хIинццалц схьа "Грозный-Сити" комплексана гергарчу паркехь хIоттош йара и.
Кху шарахь Керлачу шарна лерина дуккха а синкъерамаш бу, концерташ, театрехь хIиттош спектаклаш йу махкара гоьбевллачу артисташа дакъа а лоцуш. Ткъа иштта школашкахь а, берийн бошмашкахь а даздийр ду Керла шо шуьйра. Соьлжа-ГӀалин мэрино дош делла бахархошна лерина дагахь доцу хазахеташтар деш, доккха самукъа ду шаьш кечдеш бохуш.
Цул совнаха, республикехь хӀора шарахь дӀахьо гӀишлойн фасадаш а, цунна уллора меттигаш а Керлачу шарна тоьлла кечъйинарш билгалбоху конкурс, толамхошна ахчанца совгӀаташ ло.
Ткъа Керла шо муха тIеоьцу Нохчийчуьра бахархоша? Редакцино хеттарш дира кеп-кепара хенаш йолчу адамашка.
Дезачу дийнан агIончаш а, дуьхьалончаш а55 шо долчу Нохчийчуьрчу вахархочунна Асламбекна Керла шеран де Советан заманахь дуьйна цунна уггар а дукхадезачех цхьаъ ду. Тахана а базалг хIоттайой, цунна буха шен берийн берашна совгIаташ дохку цо, шайн чохь цхьаболчарна и де хьарам хеташ делахь а.
"Советан замано кхетош-кхиийна стаг суо хиларна, массо а деза денош дукха деза суна: 8-гӀа март а, Керла шо а, Валентинан де а цхьаьна, - бохуш, воьлуш дуьйцура цо. -. Сан цхьана кӀанта а ша ас санна даздо и де, воккхавуьйш, шен хIусамехь базалг хIоттайо, бераш самукъадаккха гIали йуккъе хIоттийначу базалге а дуьгу. Ткъа шолгIа кIант реза вац тхуна, оха Керла шо даздарна".
Соьлжа-гIалара 56 шо долчу Зарганан а йу изза ойла: "Керла шо исбаьхьа, самукъане де, совгIаташ лун де ду. Суна къаьсттина къеггина дагадогӀу сайн бераллехь айса даздина Керла шо. Цундела суна лаьа сан берийн берийн а изза бовха дагалецамаш хилийта. Керла керста де дуй вайн Iадаташца догIуш даций бохуш, къамелаш деш берш а нисло кегийчу нахалахь. Амма суна тхан доьзал цхьана стоьла гонах хевшина, хIума а кхоллуш, вовшийн марзо оьцу суьйре йу и".
Веданарчу Тоитин доьзална а доккха дезде ду - Керла шо. Оцу сарахь тайп-тайпана кхачанаш кечбой, вовшийн декъалдеш, дика а, вон а дагалоьцуш, вас хиллларг къинтIера а воккхуш, бен-берса вовшашна совгӀаташ до цара.
"Керла шо -тхан доьзал цхьаьнатуху доккха дезде ду аьлла хета суна", - тешна йу иза.
25 шо долчу Радимас дуьйцу шен оцу дезчу дене болчу безамах а, шен бераллехь хиллачу ламастех а лаьцна: "Суна чӀогӀа дукха деза Керла шо, ма-дарра аьлча, дийнна шарахь цу дийне сатуьйсуш хуьлу со. Сайн 25 шо делахь а, со хӀинца а теша ГIура Дадех. ХӀора шарахь ас базалг хIоттайой, иза кечйо, цунна бухахь леррина совгӀаташ дӀанисдо аса сайн дена-нанна а, вежаршна, йижаршна а, церан доьзалашна а. Соьлжа-ГIалахь хIоттийначу базалге хьажа а, цигахь самукъа даккха а йоьду со. Вуьшта балха тIехь а даздо оха Керла шо, концерташка а йоьду со".
Цул сов, хӀора шарахь Радимас а, цуьнан доттагIаша а зудабераш вовшахтухий, шайн синкъерам хIоттабо: ресторанехь чоь а лоций, цигахь забарш йеш, цхьацца конкурсаш хIиттош самукъадоккху шаьш бохура цо а.
"Цкъа а хьан дагчуьра дIабовр боцу дагалецамаш буьту цу дийно. Тхо хӀинцале а кечам беш ду тӀедогӀучу Керлачу шарна; дуккха а сюрпризаш хир йу. Кху шарахь оха сацам бина туьйранашкара, киношчуьра турпалхойн духарш тIедуха цу суьйранна", - дийцира цо.
Соьлж-ГӀаларчу 50 шо долчу Сурхос билгалдоккху, Керла шо даздарца доьзна хаттар, Нохчийчохь дуккхаъчу кхечу теманашца санна, кеп-кепара ойланаш гӀаттош хилар. Халкъа йукъарчу Iеламнаха чӀогӀа дӀатотту иза, ткъа Ӏедалан агIор болчу теологаша, мелхо а, тайп-тайпанчу бахьанашца бакъдо и дезде –церан кхин некъ бац аьлла хета цунна.
"Со кӀорггера тешна ву, и дезде уггаре а хьалха берийн самукъадаккхархьама хиларх, ткъа берийн самукъадаларна дуьхьал хилар кхин а доккха къа ду-кх. Ткъа оха, даккхийчара, дуккхахболчу сан нийсархоша а санна, Керла шо даздеш доцу дукха хан йу, тхан цу дийнах самукъа ца долу. ГIали йукъахь кечйина дIахIоттинай базалг хилар суна вон ца хета, цунна гуонах паргIат дуьйладелла лела адам гича а, суна новкъа дац. Керла шо –кху вайн сирачу дахарехь йисина кIезиг йолу сирла мӀаьрго йу, ткъа адамаш цунах даха йиш йац", - бохура Сурхос.
Аргунерчу 45 шо долчу вахархочо Заурбека дуьйцу, ша воккха мел хуьлу, Керла шо рузманера муьлхха а кхин долу де санна хета шена бохуш. Амма, элира цо, шен бераллерчу дагалецамаша оцу дийнах билггал самукъане деза де до шена: "Массо а самукъане хуьлура - дай-наной, дедай-денаной, шайн берашна оцу дийнах синкъерам бан аьтто хиларна. Суна дукха жима волуш дуьйна хаьара, ГIура Дадин духар доьхна, дIасалеларг сайн да вуйла. Урамехула берашна марзолгаш а йоькъуш, волалой лелара иза. Тхо бераш, дика кхетара, тIебеана бала йукъара буй а, оха ца къестадора хIетахь адамаш динан а, къоман а билгалонашца".
Соьлжа-ГIалара Ларисас а дуьйцу шен дагалецамех а, уьш шен берашка дӀакхачо шен гӀертарх а: "Со жима йолуш, сан нанас кхача кечбора, Керлачу шарна стол хIоттайора, ткъа сан дас цхьа бен-берса хӀума йохьура. Тхо диъ - сан да, сан нана, сан ваша, со - стоьла гонаха охьаховшура, телевизор а латайой. Советан заманара туьйранашка йа киношка хьуьйсура тхо цхьаний. ХӀинца со сайн берашна а изза дезде хилийта гӀерта, царна ирсе дагалецамаш буьсур бу аьлла хета суна. Ткъа ишта дагалецамаш- вайн синош тIехь лаьтта бух бу аьлла хета суна".
Ткъе ворхӀ шо долу Ӏумар тешна ву, Керла шо "языческий" дезде хиларх, бусулбанашна хийра, Советан пачхьалкх йолалуш дуьйна даздан тIедожийна де ду и бохура цо: "Со ца кхета, муха хӀотто мегар ду цхьаммо базалг, йуха цунна гонаха хелха а буьйлуш, коьртачу декъана цунна Ӏибадат дар санна лору аса и. Цундела сан чохь шога дIахьедина ду: Керла шо деда де а дац, йа иза даздийр а дац а аьлла".
Кхечу нохчийн вахархочунна Iалбекна Керла шо лазамечу дагалецамашца доьзна ду: "Керла шо суна дезде дац, сан дуккхаъчу нийсархошна а санна. Сан тӀаьхьенна и де гуттаренна а бохамца доьзна ду: Оьрсийчоьнан Ӏедал гӀоьртира и дезде даздан сан къоман декъешна тӀехь. 1994-1995 шерашкахь, Соьлжа-ГIалина штурм йеш, эзарнаш нохчий белла - шайн латта а, шайн доьзалш а, шайн сий а лардеш болу нах Цундела, хӀара де, чиллан-беттан 23-гIа де а санна, дагалецаман, гӀайгӀанан, вайн халкъо бала хьегна денош ду".
Лазаме иэсОцу тайп-тайпанчу дийцарша гойту регионехь бехачу нехан Керлачу шаре болу хьежамаш тайп-тайпана хилар. Цхьадолу дезденош йукъараллехь атта тӀелоцу, ткъа вуьйш хийра хӀунда дуьсу хаа дагахь, Кавказ.Реалиино къамел дира шен цӀе йаккха ца луучу Нохчийчуьрчу культурологца: "Иза вуно атта ду: наха атта тӀеоьцу шайн чоьхьарчу лазамех хьакхалуш доцу хӀуманаш. Массарна а Керла шо цхьатерра стенна ца хета бохург къуьйсийла йац. Цхьаболчарна, иза бераллехь дуьйна мандаринийн хьожа йу, вукхарна, иза шеран мур бу, ткъа кхозлагIчу декъана, иза лазаме дагалецамаш бу. Нохчийчоьно дукха хIума лайна, цундела цхьа терахь массарна а цхабоса хоьтийла йац. Ткъа тахана цу гӀуллакхана гонаха дӀахьош болу къийсамаш- дов дац, вайна мехала дерг хӀун ду, вай лардан реза дерг хӀун ду, вай йуха а ойла йан реза дерг хӀун ду кхета гӀертар ду. Культура даима а дийна йу; адамаш а санна хийцало иза а".
Эксперто дийцарехь, кегийрхошна йукъахь Керла шо "бусалба нахана хийра" хиларх лаьцна интернетехь дийцарш дар а, ткъа иштта иза даздар дита бохуш кхайкхамаш бар а доккхачу декъанна доьзна ду интернетан гонан башхаллашца а, "радикалан хьостанийн Ӏаткъамца" а. Нохчийн бахархойн бакъболчу синхаамашца догIуш дац бохура цо.
"Бакъдолчу дахарехь дерриг а дуккха а паргIат ду: республикехь Ӏедалша самукъане атмосфера латтайо, массо а барамаш вовшахтуху, дукхахболчара Керла шо доьзалан дезде санна даздо. Амма интернетехь муьлхха а оьгIазе дӀахьедарш сиха жигара довлу, цхьа доккха дов и долуш санна. Ма-дарра аьлча, массарна а ма ца хета Керла шо хийра",- боху къамелдечо.
Соьлжа-ГӀаларчу Кунта-Хьаьжин цӀарахчу Оьрсийчоьнан исламан университетан профессорна хетарехь, дезчу денна дуьхьалбевллачеран терахь алсамдалар цхьана декъехь доьзна ду тӀаьхьарчу шерашкахь дуккхаъчу кегийрхоша динан а, дуьненан а хIуманашна йукъахь кхин а луьра къастам бан гӀертарца.
"Бусалба динехь ма-дарра дихкина дац дуьненан деза денош", - бохуш, кхетадо Iеламчас. - И дерриг а стагах дозуш ду: цуьнан дагахь дерг а, цу дийнахь цо лелочух а. Нагахь санна, оцу стага цу дезчу денна динан маьӀна ца дой, хьарам хӀумма а лелош даций, тӀаккха иза цунах културан ламаст хуьлу, динан ламаст ца хуьлу".
Цакхетамаша кхоллало, билгалдаьккхира къамелдечо, адамаша кеп-кепара тIеоьцуш хиларна динна а, денна дIадоьдучу дахарна а йукъара доза: "Цхьаболчарна муьлхха а, шайна тамашийна хета ламаст - ийманна кхераме хета, ткъа вукхарна- иза денна долчу дахаран дакъа ду. Цундела динан бакъонех бац и къийсамаш, оцу нахана цунах лаьцна хетачуьнца ду".
2021-чу шарахь нохчийн социалан машанашкахь видео йаржийра. Цу тIехь цхьана жимчу стага цкъа хьалха агIорйаьлла лаьттачу базалгах лаьцна забарш йо, ткъа цул тIаьхьа нахана хьалха дIа а хIуттий, къинтӀера довлар доьху цо, ша зуда йолуш санна къамел а деш. Сил пайда боцчу хIумана тIехь а Нохчийчоьнан Ӏедалша мехкан бахархой стенна сийсазбо-те, аьлла деллачу хаттарна жоп луш 1АДАТ боламан векало элира, "массо а хIума шайна магош хилар бахьана долуш хьекъал дарна" лелош хIума ду аьлла. Цо бахарехь, кху тӀаьхьарчу 20 шарахь Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а адамийн дахар а, церан сий а цхьана а кепекан меха ца хета, нах декхаре бина ур-атталла базалгана хьалха а къурд баха.
