Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Террорхошна гIо латтийна ву аьлла бехкевина ГIалгIайчуьра лор бехке цахиларх дIахьедина адвокато

0
Терроран гIуллакхехь дакъа а лаьцна, бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, гIалгIайн берийн лор Гайтукиев Багаудин жоьпалле озош ГIалгIайчоьнан прокуратуре арз хьажийна, хаамбина "Мемориало". Террорхойн гIуллакхна тIехула таIзар динчун мукIарлонна тIехь бехке хIоттийна иза


Цхьа шо а ду бехкечун статусехь Гайтукиев вуьсу гIаттамхошна гIоьналла латтийна аьлла долийначу хьалхарчугIуллакхехула. Талламан версица, террорхойн тобанан декъашхочуьнга Абадиев Мохьмаде молханаш дIаделла цо. Лоьро бакъ ца до ша Абадиевца цхьаьнакхетар, цуьнан берана лоьралла дечу хенахь цуьнан дехарца молханаш цунна дIакхачийна бохург а. Лоьрана хууш дацара Абадиев бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанан декъашхо вуйла.


2018-чу шарахь таIзар дина ву Абадиев къизачу артиклашкахула – набахтехь даккха 15 шо туьйхира цунна. Бакъо йоцуш герзашца тоба вовшатохарна бехкевира тIемало ву бохург. Наьсарарчу "Вилаят ГIалгIайче" тобанан цхьахволчу хьалханчан Ведзижев Илезан теш вина стаг ву боху таIзаре хIоттийнарг. Дуьненаюкъарчу "Исламан пачхьалкх" террорхойн тобанашлахь дакъалаца Шема ваха а гIоьртина боху иза.


Гайтукиев Багаудинан хьокъехь айдина шолгIа зуламан гIуллакх (террорхойн гIуллакхехь дакъалацар, бакъо йоцуш герз латтор) дуьхьалдаьккхина кху шеран чиллан-баттахь. Оцу бехкийн бухехь ду Абадиевн мукIарло а. Юьхьанца аьллера цо Абадиевс тапча йелла шега, амма тIаьхьо ша аьлларг юхаийцира цо, "галваьллера ша, тила а тиллера" аьлла. Цул совнах, тапча дIайелла бохучу хенахь педиатр Оьрсийчохь а ца хиллера, цуьнан тоьшалла до арахьарчу мехкашкахь лелачу цуьнан паспорта тIехь йинчу балгалонца.


Ший а гIуллакх луьстуш ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчуьра урхалло. Гайтукиевн адвокато Бузуртанов Якъуба Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къемелехь билгалдаьккхира, ша Iалашвечунна хуийла дацара шозза бен гина воцу Абадиев муьлхачу юкъараллехь ву.


"Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело бина сацам бу Дагестанерчу вахархочун хьокъехь, террорхойн организацина гIо латтийна ву аьлла, амма тIаьхьо хийцира бехк, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанан декъашхочунна гIоьналла латтийна аьлла. Тхан гIуллакхехь а бехкбиллар тIех совдаьккхина, мел а шогачу Iедалан къепехула", - билгалдоккху юристо.


Герз делла аьллачу, шолгIачу гIуллакхах дерг аьлча, адвокато Бузуртановс дIахьедира, ша Iалашвийриг оцу инцидентана гунахь вац аьлла, хIунда аьлча, тIаьхьо Абадиевс шен мукIарло хийцина хиларна.



2022-чу шеран зазадокху-беттан 3-чохь лецира Гайтукиев цунах талламаш бинчул тIаьхьа, хIетахь ницкъахошна ца карийнера цуьнгахь магийна йоцу хIуммаъ а. Стенга вуьгу а ца дуьйцуш, дIавигинера иза, цуьнан адвокатна карийнера иза Магасерчу Оьрсийчоьнан ФСБ-н урхаллехь. Оцу буса Гайтукиев Талламан комитете дехьаваьккхира, цигахь бехкаш а дехкира цунна.
2009-чу шарахь гIаравелира Гайтукиев Багаудин, хIетахь ГIалгIайчоьнан республикин урхаллехь хиллачу Евкуров Юнус-Бекан коврана Iожалхочо тIелатар динчул тIаьхьа, цунна операци йича. "ГIалгIайчоьнан хьакъволу лор" цIе йелира Гайтукиевна. Лоьралла лелийна ца Iаш, цо жигара гIоьналла латтадо таро йоцчу нахана а, буоберашна а, царна хIусамаш йеш, молханаш латтош, дозанал арахьа дарба дан дIа а бохуьйтуш. 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net