Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Ноябрь
2022
1 2 3 4
5
6
7
8 9
10
11 12
13
14 15 16
17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27
28 29 30

ТIамехь йохийначу петарна тIехула 10 шарахь кхеле йуьйлу Нохчийчуьра йахархо

0
Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йохийначу шен петарна меттана керла хIусам йалар доьхуш 2000-чу шерашкахь дуьйна кхеле йуьйлу Соьлжа-ГIалара йахархо Денисултанова Зура. Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь оцу гIуллакхехь толам баьккхина цо, амма Соьлжа-ГIалин мэри реза йац 2011-чу шарахь цунна хIусам ло аьлла бина сацам кхочушбан. 


ГIуллакхан материалашца а догIуш, Денисултановин петар 1995-чу шарахь йохийра. 1999-чу шарахь керлачу хIусамна ордер йелира цунна, амма Москва шена дарба дан и новкъайаьлча, цу чу кхин нах хийшийра. 2011-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхело а, Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело а цунна йелла ордер ницкъбоцуш лерира, администрацина цунна оцу мехах йолу хIусам йалар тIе а дожош. 2012-чу шарахь ницкъе бирзинчу кхелан сацамна тIехула и кхочушбаран барамаш болийра, амма 10 шо ду администрацино ахча дац бохуш и чекх ца боккхуш. 2017-чу шарахь Денисултанова Зурас Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь толам баьккхира ("Артюшков а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал гIуллакх"), кхелан сацам кхочуш ца барна йалх эзар евро компенсаци кхайкхийра цо. 


"Карарчу хенахь кхелан акт кхочуш ца йина. Кхелан акт чекх ца йаккхарна, арзхочо синан халонаш хьоьгу. Йиллинчу хеначохь кхелан акт кхочушйаран цуьнан бакъо хьаьшна", - дуьйцу рогIерчу административан искехь, и теллина Нохчийчуьрчу кхелаша а, Сочи гIалан КхолгIачу аппеляцин кхело а.


Арзхочо Соьлжа-ГIалин мэрера 1,1 миллион сом даккхар тIедожадо. Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело и барам цхьайттазза лахдина – 100 эзаре кхачалц. Соьлжа-ГIалин мэрин векалша и сацамна латкъам бина, цара билгалдаьккхина: Денисултановас "компенсацин барам билгалбаккха оьшуш долу, шен синан а, дегIан а хилла зенаш ца дийцина". Цул сов, "административан искехь хьахийна долу ахча оцу артиклехула бюджетехь билгалдаьккхина дац". 


Сацам кхочуш ца бар низамца догIуш дац аьлла тIечIагIдина Сочин аппеляцин кхело, амма цунна догIучу компенсацин барам тIе ца тоьхна цо. 



Пятигорскерчу ПхоьалгIачу кассацин кхело теллина, масех шарахь Iедалхошкара шен йохийначу хIусамах компенсаци яккха гIертачу Нохчийчуьра вахархочо Исмаилов Муслима чуделла арз. Искехь болчу хаамца, 2008-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчохь мохк бегийча, 40 шарахь гергга иза ваьхначу ИсмаиловгIеран цIа кхин дIа чохь Iен йиш йоцуш ду аьлла лерира, цул тIаьхьа вовшахдаьккхинера и. Iедалхоша пачхьалкхан бахаман сертификаташ лучийн тептаре язвира Исмаилов. ХIетте а масийттазза хIара кIоштан администраци ваьлча а, пачхьалкхан бахаман сертификат цунна схьа ца делира, бахьанех кхета а ца веш.
Нохчийчохь адвокатийн палатин хилла президент Бетризов Iайнди кхеле велира, бакъо йоцуш шена бехкзуламан гIуллакхца тIаьхьабовларна – финансийн министраллина 3 миллион сом тIедожийнера цо, кхело охьабаьккхинера барам 150-зза.
2000-чу шеран чиллан-баттахь БухIан-Юртахь нах байъарна бехктакхаман гIуллакх доло дуьхьало йеш Соьлжа-ГIалин Старопромысловскан кIоштан кхело бина сацам юхаэцна Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело. Цуртана тIе а летта, 60 гергга меттигера вахархо вийнарг мила ву оьрсийн низамхойн органаша билгал ца доккхуш 20 шо ду.




 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net