Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июнь
2022
1
2
3
4
5
6
7
8 9
10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24
25
26
27 28 29 30

ХIусамаш йоьхучу Нохчийчуьра гIалгIайн мухIажаршна дуьхьало йина кхело

0
Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш шайн хIусамаш дIатесна, ГIалгIайчохь дIатарвала везначу, хIинццалц схьа шайна хIусамаш ялийта хьийзачу 30 сов стага юкъахь чуелла иск тIе ца эцна Магасерчу кхело.


Iедалхоша деш хIума цахилар къуьйсура кхеле бевллачара, тIедожийнера шайн доьзалш ГIалгIайчоьнан бахаман фондан тептаршка язбар, низамашкахь шайна йогIуш йолу чохьIойла ялийтар пачхьалкхана тIедожор.


Искан материлашца а догIуш, хIусамаш яла дуьхьалояр ГIалгIайчохь йолчу УФМС-а кхетадо, хьалхо цара компенсацеш эцна хиларца, хаамбо "Фортангас".


Делахь а, 2019-чу шарахь ГIалгIайчоьнан Конституцин кхело латкъам къобалбира Дзортова Мадинин, ГIалгIайчоьнан Iедалхоша кхелхина бахнарш статусах а, хIусам кхачо бакъонах а бохуш бина сацам, цкъа мацах цара компенсаци эцнехь а, низамехь бина бац аьлла.


Цул совнах, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан сацамца, компенсаци эцар хIусамаш ца яла бух хуьлийла дац, нагахь санна, церан хIаллакхиллачу чу-ара ца бакхалучу бахаман мехал а иза лахара хиллехь, керла чохьIойла эца таро ца лахь а.


Нохчийчуьра ца бевллачу денна кхелхинчийн Юкъараллин куьйгаллехь йолчу Дзортова Мадинас бигалдаьккхира, кхел озабезамаш ца беш ца Iийра аьлла. Къоман политикан министраллера шайн кехаташ схьадеха лиънера латкъамхошна, цара тоьшалла дийр дара, ца бевллачу денна хIусамех бевллачийн статусна кхара дуьхьало йина цахиларх, амма кхело тIе ца ийцира дехар.


Цул совнах, жоп луш берш – Назранан мэри, Дзортован дешнашца, мухIажаршна лерина цIенош дина йолу, - цхьана а кхелан кхеташоне ца баьхкира.


Дзортовас чIагIдо, хIусамаш ян а йогIуш, амма уьш схьаэца йиш йоцург 400 стаг ву бохуш, делахь а, оцу цIеношкара 177 петар официалан хаамашца, хIинца а яьсса лаьтташ ю.


Кхелан сацамна латкъамбан дагахь бу довхой.



2021-чу шарахь ГIалгIайчохь беха Нохчийчуьра мухIажарш Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире бевлира, шайна хIусамаш яла дезачу декхарх яьлла пачхьалкх, 2015-чу шарахь кхалхархойн низамехь хийцамаш а бина аьлла.
20I5-чу шарахь мухIажарийн 400 гергга доьзал чохьIойла лучу тептаршкара дIабехира. Царлахь бара шаьш шайн баккхий доьзалш хьалакхион наной, къаной, заьIапхой. ГIалгIайчоьнан Iедалхойн хаамашца, 2020-чу шеран юьххьехь хIусамаш елира 1262 мухIажарийн доьзалашна. Оцу хенахь рагI ларъеш бара кхин а 481 Нохчийчуьра доьзал.
Мангал-беттан 3-чохь Магасан кIоштан кхело сацамбира, Назрннерчу баракехь беха бархI доьзал цу чуьра арабоккхуш. Кхин дIа йолчу ханна оцу гIишло чохь бахар могушаллина а, дахарна а кхераме ду аьллачу гIалин администрацина тIетайра иза. Кхин чохьIойла яц оцу нехан – доккхачу декъанна Къилбаседа-ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштан хиллачу бахархойн. 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net