Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Украинехь бIе стеган эшам хилла кадыровхойн - СБУ

0
Оьрсийчоь Украине гIортарехь дакъалоцуш болчу Нохчийчуьрчу тIемалойх бIе стаг хIаллакхилла, Зазадокху-беттан 13-чохь Соьлжа-ГIала юхабаьхкина бисинарш. Цунах лаьцна хаам бина Украинан кхерамзаллин сервисо (СБУ).


СБУ-н иччархочунна тIетевжина, Свобода Радион украинхойн сервисо яздина, Украине хьовсийначу Нохчийчуьрчу эскархошлахь эшамаш хиларх.


"Чиллан-беттан 26-чохь Украинан дозана тIехь аэропорт йолчу кIоштахь Гостомелехь десантан операци ян гIертачу юкъанна 450 кадыровхо чуван хьоьвзира. Цунах гIуллакх ца хилира. Цхьана кеманчуьра декъан аьтто хилира охьабиса, амма кема гIоттучу асанехь герзаш диттира царна тIе. Чиллан-беттан 26-чуьра 28-чу дийне кхаччалц Кадыровн тIемалойх байина масех бIе нах", - чIагIдо СБУ-хь.


Нохчийчуьрчу тобанехь лаьтта 1200 стаг кхечира Зазадокху-беттан 4-чохь Беларусера, СБУ-но дийцарехь. Цуьнан декъехь яра "Север", "Юг" тIеман батальонаш а, "Ахмат-Грозный" ОМОН а. Оцу тобанан урхалла деш вара мехкан куьйгалхочун ницкъаллин блокехула волу гIоьнча Мартынов Даниил. Кадыровхоша куп туьйхира Бородянкана гергарчу хьуьнчохь. СБУ-но чIагIдарехь, цхьана буса цигахь лелхийтира тIеман гIирсаш, эскархойн цхьа дакъа хIаллакхилира.


"Оцу мIаьргонехь дуьйна ларлуш лелара уьш, масех тобанашка бекъа а белира. ТIемашкахь дакъалоцуш бацара уьш, Бородянкан в, Бабинцевн а, Катюжанкин а кIошташкара, Лютеже кхаччалц йолчу меттигашкара нах "Iадош" хьийзара. Цуьнца цхьаьна социалан машанашка хIиттон кеп-кепара видеош а йохуш", - аьлла, тIетоьхна СБУ-н иччархойн сервисерчу къамел динчо.


Адамий бакъонаш Iалашъян векал йинчу Денисова Людмилин хаамашца, кадыровхоша дIалецира Киевн кIоштара Бородянкера психоневрологин интернат, оцу заманчохь цу чохь вара 600 стаг.


СБУ-н хаамашца, Зазадокху-беттан 13-чохь кадыровхой Беларусехула дIабигира Украинан дозана тIера, цул тIаьхьа кеманца Нохчийчу. Оцу заманчохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана  дIахьедира, кхин а эзар шен эскархо Украине хьажош ву аьлла. Шиъ валарх а, ялханна чевнаш йина хилар а бен цкъачунна Кадыровс бакъ дина дац.


Чиллан-беттан 24-чохь Украинан дозана тIе чугIоьртира Оьрсийчоьнан эскархой президентан Путин Владимиран омраца. Iалашонаш а лоьцуш, шайн бахархойн инфраструктура хIаллакъярна Москва бехкейо Киево. ТIеман объекташна бен шаьш йетташ яц бохуш, чIагIдо Оьрсийчоьнан агIоно.


Кадыров Рамзана кест-кеста видеош хIиттайо махкарчу эскархойх лаьцна, украинхойн тIемалошна а, иштта пачхьалкхан суверенитет Iалашъян, шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчашна а кхерамаш туьйсуш, кхайкхамаш бо конфликт кхин а тIе чIагIъян. Украина Iалашъечу тIемалоша а, нохчийн батальонийн декъашхоша а Кадыров а, кадыровхой а тIеоьцу Оьрсийчоьнехьара агрессин символ санна. 




 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net