Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Пачхьалкхан думан депутато "коьртеш дохур ду" аьлла ЯнгулбаевгIарна туьйсу кхерамаш оьрсийн матте гочбинчийн

0
Пачхьалкхан думан депутато

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран  гергарнаш а, шен эфирехь ша дийцинарг оьрсийн матте гочдинарш а хIаллакбийр бу бохуш, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама эфир дIаяьхьна инстаграмехь.

Инстаграмехь вистхуьлучу Делимхановс доккхачу декъанна аьлла: "Хаалаш, дийнахь а, буса а, синош, бахамаш, тIаьхье ца кхоош, тхо шуна тIаьхьадевлла лелар ду, шун коьртеш даьхна, шу дайъалц. Тхан баккъал а шуьца мостагIалла а, чIир а ю! Иштта иза хьакхало хIара видео оьрсийн матте гочъенйолчарех а…".

Депутатан кхайкхам гочбина нохчийн Iедалхошна оппозицехь лаьттачу IАДАТ телеграм-канало.

Оцу юкъанна  Делимхановн инстаграмехь зорбане яьккхинчу видео тIехь оьрсийн маттахь сийсазбина ЯнгулбаевгIар, билгалбахаза кхерамаш а туьйсуш: "Оха доллучух дуьззина жоп долуьйтур ду цаьрга, даим дала а далийтина, долуьйтур а ду".. Шаьш шайн кхелана куьйгъяздина аш…".

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара.

ТIаьхьо республикан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий тоьхна чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла. Цул тIаьхьа информаци яьржира, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллина полисхочунна ницкъ дуьхьал баьккхина аьлла, бехке а еш – 24 сахьтехь инсулин доцуш некъ бинчу цомгашчу зудчо ша лацарх протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.

Инсулинах йоьзначу Мусаева Заремерчу хьолах а, цуьнан кхолламах а лаьцна хууш дац иза лачкъийна йигичхьана. Цунна тIебуьтуш бац адвокаташ а.

Дечкен-бутт бовш Янгулбаев Абубакара хаамбира, Нохчийчохь беха шен гергарнаш – 15 стаг гергга- шеца зIене бовлуш бац, йа цIахь гучубовлуш а бац. Цул совнах, ГIуран-баттахь Нохчийчохь лечкъийра – тIаьхьо дIа а хийцира – 40 гергга ЯнгулбаевгIеран гергарнаш.

IАДАТ телеграм-канал а кхоьллина, цуьнан модераторш бу бохуш, бехкебо нохчийн ницкъхоша ЯнгулбаевгIеран вежарий. Хаамбира, де хьалха Янгулбаев ИбрехIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, каналехь посташ хIитторна аьлла.

Нохчийчоьнан Iедалхоша флешмоб вовшахтоьхна, цуьнан гурашкахь мехкан кIоштийн бахархоша дIа а язъеш,  видеош яржийна, ЯнгулбаевгIаьрга "доллу къоман сий ма дайа" бохуш, кхайкхамаш беш.

2021-чу шо довш Делимханов Адаман хIусамнана Кадыров Рамзанан гIоьнча хIоттийра. Зорбане яьккхинчу официалан видеона бухахь яздина ду, Кадыровс "дуьненан терроризмца къийсам латточу хенахь" Делимханова Разитас шен хIусамехь уггар а беза хьеший санна шаьш тIеоьцура аьлла.

Делимханов Адаман виъ ваша Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкахь лаккхара даржаш дIалаьцна бу, царех цхьаннан Алибекан "Оьрсийчоьнан Турпалхо" аьлла, лаккхара совгIат ду.

"Медиазонас" а, The Scanner Project-о а юкъахь бинчу талламца, Немцов Борис верна хан тоьхначу Нохчийчуьрчу бахархошца иза веле масех де хьалха а, иза вуьйчу дийнахь а, вийначул тIаьхьа а зIенехь хиллачу лаккхарчу даржашкахь болчу нохчийн полисхошна юкъахь хиллера  Делимханов Адам а.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин сообщил о планах развития специализированной медпомощи в Москве


Спорт в России и мире
Москва

Разгром в Москве и драма в Сочи: «Динамо» без труда сохранило лидерство, но «Краснодар» остался в гонке за золото РПЛ


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в финал турнира WTA-1000 в Риме, в двух сетах обыграв Коллинз


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Тело 13-летней девочки обнаружили в лесопарке на востоке Москвы





Путин в России и мире
Москва

В США признали незыблемость поддержки Пекином Москвы после встречи Путина и Си Цзиньпина


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Независимая политика Венгрии привела в ярость США


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Бато Багдаев

Россия, Культура, Теат, Дети, ПДД: кукольным языком о дорожной безопасности детям показали в Ульгэре



Москва

Хоккей на траве. «Дончанка» открывает сезон 2024 на выезде

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net