Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Казахстанера арадаха долийна ОДКБ-н миссин эскарш

0
Казахстанан 14-та регионехь юхадьккхина терроран "критикан кхераман" тIегIа хилар. Цунах лаьцна хаам бо республикан къоман кхерамазаллин Комитето. Ша аьлча, юьйцург ю мехкан коьрта гIала Нур-Султан а, ткъа иштта Шымкент а. Кхаа регионехь – Алматыхь а, Алматын а, Жамбылан а кIошташ дуьсуш ду кхераме хьал. Цигахь хIинца а дIахьуш ду "террорхой а, кхидолу къепедацарш хилча зуламаш лелийна нах а".


Дечкен-беттан 12-хь Казахстанерчу зорбан гIирсаша хаам бира, талораш дарехь а, тасадаларшкахь а дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш кхин 1700 стаг лаьцна хиларх. Цу кепара, махкахь ницкъабар эккхарца доьзна лецначийн терахь ду 10 эзар гергга стаг. Казахстанан инарлин прокуратуро леррина сайт кхоьллина, цигахь бахархойн аьтто бу къепедарш хуьлуш яьхна видеош а, суьрташ а дIахIитто, анониман кепара.


Дечкен-беттан 2-хь Казахстанан Мангистау областерчу Жанаозен гIалахь дуьхьалонан акцеш юьйлаелира, цIеххьана газан мехаш тIетохарна дуьхьал. Дечкен-беттан 4-хь дуьхьалонан акцеша лецира ерриг а аьлча санна мехкан яккхийн гIаланаш. Церан декъашхоша экономикан дехаршца цхьаьна дIакхайкхийра политикан дехарш. Iедалша дIахьедира газан мехаш охьадаьхна хиларх лаьцна. Дечкен-беттан 5-чу Iуьйранна Токаев Касым-Жомарта дIасахийцира министрийн кабинет, амма цо ца совцийра демонстранташ.


Юкъарчу кхерамзаллин бертан организацино (ОДКБ) эскарш кхайкхира Казахстане президента Токаев Касым-Жомарта.


Ерриг а Казахстанехула даьржинчу тийсадаларан а, къепедацаран а эпицентр хилира шинарийн дийнахь дуьххьара ницкъаллин структурийн белхахойн а, дуьхьалонан акцийн декъашхойн а тасадаларш хилла Алма-Ата. Кхаарин дийнахь цигахь, дIа а лаьцна, ягийра гIалан администрацин а, прокуратуран а гIишлош.


Дечкен-беттан 11-хь Токаевс дIакхайкхийра ОДКБ-н мисси дIайирзина хиларх лаьцна. Тахана, еарин дийнахь, арадаха долийна эскарш.


Оьрсийчоьнан тIеман министралло бинчу хаамца, ОДКБ-н ницкъаша мехала йолчу объекташна ха дар дIалуш ду Казахстанан органашка, кечдеш ду эскарш а, техника а Оьрсийчоьнан теман-транспортан авиацин кеманашна тIеяккхар, даиман а шаьш туп тоьхначу меттигашка уьш дIакхачо.


Хьалхо хаам бинера, эскарш а, техника а араяккха иттех да оьшур ду аьлла.




 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net