COVID-19: Къилбаседа Кавказехь 11 стаг велла дийнахь-буса, ун кхетта кхин а 555-нна
ТIаьххьарчу дийнахь-буса 11 стаг кхелхина коронавирусах Къилбаседа Кавказехь, цомгуш хилла кхин а 555 стаг, боху уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо.
Белларш бу: Дагестанера – 9, Краснодар-махкара, ГIалгIайчуьра – цхьацца. Пандеми яржичхьана схьа велла уьнах регионехь 644 вахархо.
Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а долу дарийн терахьаш иштта ду:
Кхарачой-Чергазийчоь + 94 (2349)
Дагестан + 93 (6745)
Ставропол-мохк + 86 (3845)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 80 (4055)
Краснодар-мохк + 70 (5112)
Адыгей + 49 (1389)
ГIалгIайчоь + 34 (2657)
Къилбаседа ХIирийчоь + 32 (3613)
Нохчийчоь + 17 (1513)
Юьхьанца дуьйна схьа Къилбаседа Кавказехь уьно лаьцна, официалерчу информацица, 31278 стаг, ерриг Оьрсийчохь 545 458.