Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Кхузахь шуна Москох яц

0
 


Навальныйн аьтто ца баьлла кавказхойн дегнаш эца. Я гIерта а ца гIиртина


Кавказхой ца бахна Навальный президентан харжамашка вуьтуьйтучу кампанин декъа. Меттигерчу жигархоша боху, шаьш кийча ду коррупцина къийса, амма Навальныйн агIо шаьш лоцур яц.


Дахначу кIиранах Оьрсийчуьрчу гIаланийн урамашка бевлира оппозицигахьа болу нах – Навальный ган лаьа шайна президентан гIентахь, бохура цара. Гиначара дийцарехь, полици бIаьстачул кIеда яра гуламхошца – автозакашна чу ца кхийсира тIех жигара хьийзинарш бен.


Петарбухахь, масала, ши эзар стаг вара протестан гуламехь, ткъа некъан низам дохорна полице вигинарг 38 стаг бен а вацара.


Эксперташа билгалдаккхарца, «Навальныйна тIаьхьахIиттина нах бIаьстачул дуккхаза а лахбалар дозу кегийрхошна иза коррупцица къийсалуш тарца, амма ца тов царна Навальный-политик».


И хьажам бакъбо, масала, вевзаш волчу Дагестанерчу оппозиционеро Исмаилов Марата. «Дахначу шоьтадийнахь хиллачу акцин Iалашо яра Навальный харжамашка витийтар. Суна бен-башха а дац иза, со вац цуьнан агIонча. Цундела ца хIоьттира со нах митинге кхайкха а», - элира цо.


Хьалха хIуьттуш хилла митингаш коррупцина духьало ярхьама яра, боху Исмаиловс.


Юьстах йисина Навальныйн протесташна Къилбаседа ХIирийчоь а. Цигарчу жигархочо ша балхо лаьцна вара оцу дийнахь, я шена «тема мехала яра аьлла а ца хета», боху: «Харжамашкахь дакъалаца массеран а цхьабосса бакъонаш хуьлда бахахь, со реза ву. Ткъа веккъа цхьа стаг вуьйцуш велахь – хIан-хIа».


Дагестанерчу «Черновик» газетан коьртачу редакторан когаметта волчу Магомедов Мохьмадна а хета, Къилбаседа Кавказерчу бахархошна ца лаьа Навальный президентан дарже кхочийла, оцу бахьанийца ю цуьнгахьа болчу кавказхойн процент лахара, аьлла.


«Массарна а дагадогIу цо кавказхошна дуьхьал дина къамелаш. «Тоьар ду Кавказ кхаба» цо олуш, хIоранна а хета цо шен цIе йоккхуш санна.  Хьаькамаш кхабар дита бохучу маьIнехь цуьнан и дешнаш хиллехь.


«Навальный» боху цIе хезаш а йоцуш, еккъа коррупцина дуьхьал хIиттош и митингаш хилча, боху Магомедовс, алссам гуллур бара нах коррупцица къийса: «Коррупци Кавказ яьккхина лелаш йолу дела».


Юьстахара мехкаш кхета, муха еха пачхьалкхан коьрта шахьар, стенах цуьнан самукъадолу я ца долу, амма ца го царна Москох шаьш оьшуш да ву аьлла, боху тергамчас.


Кавказхой дика кхета Медведев Дмитрийна тIехь, бад юкъа а озош, бечу бегашах (коррупцина дуьхьалоечу фондо дийцарехь, цуьнан бедан шенна дина цIено ду), амма дац иза царна беламе, мелхо а дог этIадо оцу хьоло.


«Кхузахь и «бедаш» дуккха а ю, уьш езачу джипаш тIехь хехкало, иза массарна а го», - боху «Черновикерчу» Магомедовс.


Цунна хетарехь, Москох бехачу долахошна хаъане а ца хаьа юьстахара нах мел хала бохку, я бала а бац.


«Кавказ.Реалиига» дийцира журналисто, Дагестанехь могIара хьелаш а дац адамашна, аьлла. «Масала, - боху цо, - ХIинжа-ГIалахь я Дербентехь вехачунна тамаше ду, кран йиллича, цу чуьра охьадеъначу хих ун ца кхеташ ша висича. Тамаше ду серло, ца хедаш, даима а лаьтта аьлча».


«Адаман бакъонаш цахьешар – иза а ду деза. «Маж ца тайнера, аьлла, полисхочун, де-буьйса а ца лоьруш, веъна, хьан кIант вига бакъо хилар йоккха харцо ю. «Вахабит», «вахабизм» ца юьйцу вай.  Вай хьехораш конституцино хьуна делла бохуш дуьйцу хьелаш ду», - билгалдаьккхира Магомедов Мохьмада.


«Адамашна цхьабосса кхочу бакъонийн тIегIа, иштта хилча адам кхетар ду шен хааршший, къинхьегаммий пачхьалкхана оьшийла. Оьшуш хила веза Iедална массо а,  муьлххарг а, ца веза – иза хьакаман гергара вара аьлла-м. Къахьегча кхочуш хила деза адам лакхенашка, иза цхьана «везачу» стеган доьзалера ву аьлла а доцуш», - боху Магомедовс.


«Дагестанехь нах белало цхьанна митинге вахарна гIуда тоьхна аьлча –доь а доцуш стаг вар кхузахь могIара хилам бу. Ца карадо каш а. Иза стенна бехке хиллера бохург-м хоьттийла а дац», - иштта го Магомедовна шена гонахара дахар.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net