Добавить новость
123ru.net
World News
Сентябрь
2023

Терроран артиклашкахь 7 шераш кхайкхийна Нохчийчуьра бахархошна. ГIуллакхца харцонаш лелийна боху адвокато

0
Нохчийчуьра бахархой бехкебина гIаттамхойн тобана йукъахь дакъалаца кечамбарна а, бакъо йоцуш герз а, тIеман гIирс а латторна а, динца йолчу гамонца стаг вер вовшатохарна а. Мехкан Лакхарчу кхело тIечIагIдина Гуьмсан кIоштан суьдхойн таIзар. Бехкебечийн адвокато Дубровина Маринас дIахьедина, бехкаш бух боцуш хиларх.


Апелляцин латкъамехь билгалдаьккхина, Баталов Хьусайн герзашца болчу гIаттамхойн тобанехь дакъалоцуш цахилар, материалашца фальсификаци лелийна хилар, ткъа кхелан хьесапаш догIуш дац билггал долчуьнца.


Баталов йеххачу заманчохь латтийра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Гуьмсера декъехь цхьана а кепара иза лацарх кехаташ а ца хIиттош, дIахьедина адвокато. Иштта къиза Iазапаш латтийна цунна тIехь, бехке ву аьлла, хьуо тIевеънера алий, кехатна куьгйазде бохуш. Цуьнгара йаьккхина бохучу тапчана тIехь цуьнан пIелгийн лараш йац, билгалдоккху Дубровинас.


Кхеле хIоттийначу шиммо а бехкаш тIе ца лаьцна, амма суьдо тоам бина бехкана мукIарло деш йуьхьанца динчу тоьшаллех. Уьш ду тIехь ницкъбина даьхна.


ТIаьххьара а Нохчийчуьра Лакхарчу кхело жимма хийцира шайн таIзар, тоьхначу хенан хьалхара шо Баталов Хьусайна а, Дауев Юсупа а набахтехь доккхур йу, йиссина хан шогачу хьелашкарчу колонихь аьлла.



Терроран артиклехь таIзар динчу Дагестанера вахархочо дIахьедира, шена дуьхьал бехк боцуш гIуллакх даккхарх. Ибрагимотар эвларчу 23 шо долчу Омаров Юсупа къоьвсира шен хьокъехь бина сацам Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехь, амма цигахь а лахарчу инстанцин сацам хийцанза битира.
Кавказ.Реалиин сайте хьалхо дийцира бакъонашларйархоша, дукхахдолчу "терроран" бехктакхаман гIуллакхашна шаьш тIе ца дуьту, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй талла аьтто ца кхочу шайн аьлла. Ткъа шайн каракхочучу кIезигчу гIуллакхашкахь дукха хьолахь гучудовлу шайна ладам боллуш харцонаш а, фальсификацеш а лелийна хилар.
Орсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн информацица, 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу 1 700 нахалахь схьакараво 20-30.
Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу йукъанна "Новая газето" а, бакъоларйаран "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамаш бира Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь республикехь лачкъийна нах бу латтош аьалла. "Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш. 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net