Добавить новость
123ru.net
World News
Июль
2023

Кадыровн вешин кIантана "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" мидал йелла

0
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 26 шо долчу вешин кIантана, цуьнан хьехамча-гIоьнча а, республикехь вице-премьеран а, даьхнийн а, латтийн а министран а даржашкахь волчу Кадыров Хьамзатна II-чу тIегIанера "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" цIе йолу мидал йелла – ишта омра арахецна Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. 


Билггал стенна йелла йу цунна иза, дуьйцуш дац – кехатехь йаздинарг ду "шен балха тIехь кхиамаш бахарна а, дуккха а шерашкахь даггара къахьегарна а" – и совгIат кхочуш болчу иттанаш наханна йаздо и дешнаш.


Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Хьамзатна Росгвардин республикерчу урхаллин "Дакъа лацарна" олу мидал йелла. "Къоман гвардина тIедехкина декхарш кхочушдарехь билгалбевллачарна" луш йу иза. Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллин куьйгалхочо, инарла-майор волчу Делимханов Шарипа "дика гIоьнча санна гайтина" Кадыровс ша, элира. 


Кадыров Хьамзат Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча-гIоьнча хIоьттира кху шеран охан-баттахь. Чиллин-беттан йуьххьехь Кадыров Хьамзат вице-премьеран дарже хIоттийна, ву иза Нохчийчоьнан бахамийн, латтанийн гIуллакхийн министр a. 2021-чу шеран марсхьокху-баттал хьалха иза вара Нохчийчоьнан культурин, спортан, кегийрхойн политикин министраллин куьйгалхо. 2022-чу шеран гезгмашин-беттан чакхенгахь Кадыровc вешин кIант шен секретариатан куьйгалхо санна вовзуьйтура.


Кадыров Хьамзата чекхйаьккхина ЦIоьнтарара хьафизийн школа. ТIаьхьо цо дийшира Нохчийн университетерчу пачхьалкхан куьйгаллин факультетехь. 


Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.



Иттанашкахь болу республикин куьйгалхочун гергара нах Нохчийчоьнан Iедалерчу даккхийрачу даржашка дIахIиттош бу. Шен нахана карьера йеш ша гIо дар цунна хIумма доьхна ца хета. "Со тешшарш дIахIиттабо-кх аса", – бехира Кадыровс.
Iедалерчу даржашка хIиттийна цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии редакцино беххачу могIанца охьабазбина Iедалан лаккхарчу даржашкахь болу Кадыровн гергарнаш.
2018-чу шарахь "Би-би-си" гIирсан оьрсийн сервисо дагардарца, Нохчийчуьра 158 лакхарчу хьаькамех 30% - Кадыровн гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн 22 шо долчу йоIах Нохчийчоьнан культурин министр хилира.




 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net