Добавить новость
123ru.net
World News
Сентябрь
2022

Мусаева Заремин гIуллакхехула лелийначу харцонех дийцина тешаша кхелехь

0
Полисхочунна тIелатарна а, хьарамлонаш лелорна а бехкейинчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозиционеран Янгулбаев ИбрехIиман а ненан Мусаева Заремин гIуллакх ду толлуш Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхелехь. Мусаева СИЗО-хь йовзуьйтучу хенахь тешхIиттийначаьрга ладоьгIна.


Царех цхьаммо дийцина, стаг фигурантаца цхьана вовзуьйтучу хенахь луш болу статисташ – иза йовзийтале хьалха а шена гина бара аьлла, яздо "Iазапашна дуьхьал Комитето", адвокатна Караваев Александрна тIетевжина.


Кхечо дIахьедина, статисташ Мусаевах тера бацара, цул совнах, иза йовзуьйтучу заманчохь лаьтташ ерг Мусаева цхьаъ яра, берш хевшина бара аьлла.


"Оцу факташа йовзийтар хилла бохург тIедуьтийла яц", - чIагIдо Караваевс.



Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан. Делахь а Мусаевас чIагIдо, шен ю боху гIоьнча цкъа а гина яц шена.
Мусаевана дуьхьал гIаттийна гIуллакх толлуш ду Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхело. ГIуллакхан материалаш мангал-баттахь кхеле дIакхачийра, хьалхара кхеташо хилира товбеца-баттахь, ткъа марсхьокху-баттахь кхелахочо дуьхьало йира процесс кхечу регионехь листа дехьаяккхарна.
Мусаева Зарема лачкъийна йигина ши кIира даьллачул тIаьхьа бен ца витира цунна тIе адвокат. ДIасаялар доьхкуш хIоттийначу кхелехь Мусаева кхетамчохь ца хиллера. Товбеца-баттахь юха а лазар деана, охьайоьжнера иза.
Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Чиллан-беттан юьххьехь Делимханов Адама инстаграмехь эфир хIоттийра, ЯнгулбаевгIарна а, шен къамел оьрсийн матте гочдиначарна а кхерамаш туьйсуш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.
Бакъоларяъарн "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net