Добавить новость
123ru.net
World News
Июль
2022

"Шараповские" зуламан тобанан декъашхой хиллачу дагестанхошна кхел йина Москвахь

0
"Шараповские" зуламан тобанан виъ декъашхочунна бина хилла кхелан сацам тIечIагIбина Москван гIалин кхело.


Джамалутдинов Шамсуддин а, Ахмедутдинов Юсуп а, Магомедвалиев Рабадан а, Мухтаров Шамсутдин а хIумнаш лечкъорна, талораш дарна, нах лечкъорна, уьш байъарна, теракташ ярна бехкебина. Кхелан къобалъярхоша уьш бехке лаьрра, Джамалутдиновна шогачу рожерчу колонехь даккха 23 шо а, кхечарна баллалц хенаш а тохар тIедожийнера цара.


Мухтаров Шамсутдина а, Ахмедутдинов Юсупна а валлалц чохь яккха хенаш тоьхна кхело, ткъа Магомедвалиев Рабаданна – 24 шо, Джамалутдиновна – 22 шо шогачу рожан колонехь даккха, хаам бо "Коммерсанто".


Дагадоуьйту, ОПГ-н декъашхой 2019-чу шарахь дIалецира. Талламна хетарехь, тобанна юкъвогIуш 250 сов стаг хиллера, царна юкъахь МВД-н белхахой а, иштта адвокаташ, террорхойн тобанийн декъашхой а хиллера.


"2007-2015-чу шерашкахь Дагестанехь, Москвахь дуккха а совдегархой, низам лардаран органийн белхахой байъарна, нах лечкъорна, ахчанах дахарна, хIумна лечкъорна, талораш дарна бехке бу тобанан куьйгалхой а, декъашхой а", - боху ФСБ-н пресс-сервисан хаамехь.


1998-чу шарахь Махачкаларчу Пархоменковн урамехь динчу эккхийтарца боьзна хета талламна "Шараповские", иза дагестанхойн коьртачу гIалин мэрна дуьхьал йина теракт лерира. Оцу хенахь ерриг квартал йохийнера, иттанашкахь нах байъира, 100 сов стагна чолхе чевнаш йинера.



Шайн хьалханчан цIарх цIе тиллина оцу тобанна – Дагестанан Пенсийн фондан куьйгалхо лаьттина волчу Мусаев Шарапутдинан. Иза 2005-чу шарахь Москвахь шен хадархочо вийра – иза хиллера аренан буьйранчан Хаттабан шолгIачу зудчун ваша. Кавказ.Реалиин хьостано бахарехь, Мусаев вийча ОПГ-н куьйгалле хIоьттира вевзаш волу олимпийскан толамхо, Кизляран кIоштан хилла куьйгалхо, 2010-чу шарера 2015-чу шаре кхачалц Пенсийн фондан республикерчу декъан куьйгалхо хилла волу Муртазалиев Сагид.
Машанехь арахецначу Муртазалиевн, яздарехь, "шараповн тобанца" даьккхина ду бохучу суьрта тIехь одимпикан толамхочунна уллохь ган йиш ю лаьцна волчу Кхарачойн-Чергазийчуьра экс-сенатор Арашуков Рауфах тера стаг. 2019-чу шеран дечкен-баттахь иза стаг верна а, зуламехь йолчу тобанехь дакъа лацарна а, тешана тIе Iаткъам барна а бехкевира.




 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net