Добавить новость
123ru.net
World News
Июнь
2021

Культурин министраллан хьаькам йолчу Кадыровн йоIа йовзийтина шен йолан деклараци

0
Дахначу шарахь шена хиллачу пайданах терахьаш довзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIа Кадырова Iайшата. Мехкан синбахамаллин министран хьлхара гIовс хиларе терра, иза декхаре яра хаамаш Iорабаха.


Ша зорбане яьккхинчу деклараци тIехь, цо билгалдаьккхина дахначу шарахь 850 эзар сом даьккхина ша аьлла.

"Кавказ Пост" интернет-ресурсо хаам барехь, документа тIехь ишта билгалбаьккхина, Кадыровн йоьIан хIусамден бахам а, цо бина пайда а.


Официалан зерашца, шен зудчул а шозза сов ахча даьккхина цо - цхьа миллион ах миллион сом. Iайшатан цIийнда пачхьалкхан белхахо ву, цхьана урхаллан куьйгалхо ву иза, амма болх бечу меттиган цIе яьккхина яц документаш тIехь.


Къайлаяьккхина кехаташ тIехь 100 еакIов метар йолу Iайшатан а, цуьнан хIусамден а долара петар а. Оцу юкъанна оцу тIехь къастийна, ВАЗ 2107 ши машен а доьзалан долахь хилар.


Нохчийн кхечу хьаькамаша а, ишта культурин министраллан белхахоша а шайн йолан декларацеш Iораяьхначул тIаьхьа, шена критика йича, йовзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа шен деклараци.


2020-чу шарахь Кадыров Рамзана 381,1 миллион сом ахча даьккхина. Терахьаша гайтарца, тIаьххьарчу шина шерачохь цуьнан хьал дебийна 50-зза сов.


Нохчийчоьнан куьйгалхо, цуьнан декларацица а догIуш, Оьрсийчоьнан регионийн куйьгалхошлахь уггар а хьал долу урхалхо ву. 




Дахначу шеран гурахь культурин министран хьалхара гIовс хIоттийра мехкан куьйгалхочун йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат. Кадыров Рамзана бира и хаам шен Телеграм-каналехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, уггар а чолхечу проекташца болх бина, куьйгаллехь лаьттина, шеца доккха зеделларг долуш ю 21 шо долу Кадырова Iайшат.


Кхул а хьалха Нохчийчуьрчу Firdaws ("Фирдаус") модан цIийнан куьйгалхо яра иза. Firdaws модан цIийно "Безаман истори" цIе йолу Кадырован коллекци гайтира Парижехь. Ишта духарийн презентацеш йина цо Дубайхь а, Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а.


Кавказ.Реалии проекто далочу тоьшаллаша гойту, Нохчийчуьра дукхахдолу коьрта даржаш КадыровгIеран гергарчу доьзалшна дIасадоькъуш хилар.




Оьрсийн "Би-би-си" хьостан зерашца, Нохчийчохь Iедалан даржашкахь волчу 158 стагах 30 процент Кадыровн гергарнаш бу, 23 % - цуьнан юьртахой, 12 процент доттагIий а, церан гергара нах а.


Шега оцу хьокъехь бехкбаьккхича, Кадыровс элира: "Суна эхь ца хета. Ас сайн халкъах, республиках жоп луш делахь, со ларавеш велахь, царна хIун бен ду, мила хир ву министр, кIоштан куьйгалхо, администрацина коьртераниг я Iедалан куьйгалхо? Сан кIезиг бу цуьнца бала".





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net