Шемахь гIум-арехь байна зударий а, бераш а карийна Ал-Раи гIаларчу набахтехь
Хьалхо хаамаш баьржинера шайн берашца цхьаьна 17 жима зуда яйна Шемарчу гIум-арехь аьлла, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Болчу хаамца, шаьш лоьхуш хилар хиина царах дIакъаьстина хилла цхьа зуда зIене яьлла хилла Саратоваца, шеца хилларш чубоьхкина бу Ал-Раи гIалахь аьлла. Уьш муьлхачу къомах бу хьахош дац.
Саратовас дийцарехь, зударий а, бераш а латточу набахтина Iуналла деш бу туркойн эскархой.
