Бехк цабиллар дехна дарбанан цIийнехь молханаш цахиларх видео яьккхинчу Нохчийчуьрчу вахархочо
Мутаевн ваша охьавиллина хиллера Гуьмрсерчу дарбанан цIийнан травматологин декъе, кӀажин пха хадар бахьана долуш. Дарбанан цIийнехь тай ца хилла чов дIатега. И бахьана долуш иза эца дезна хилар дийцинера видеороликехь Мутаевс.
Де-буьйса далале иза а, цуьнан ваша а "Грозный" телеэфирехь гучуваьлла, цакхеташ цхьа хӀума хилла, дарбанан цIийнехь дерриг а долуш ду, бехк ца биллар доьху шаьшшима аьлла.
