Ингалсан блогеро къинтIера баьхна нохчийн зударий (+видео)
Шегара яьллачу ледарлонех керла видео дIаязйина Бенжамина. Цо нохчийн зударшка а, махкарчу бахархошка а шена къинтIера довлар доьху. "Цхьа товш доцург аьллера ас нохчийн зударех лаьцна. Ас сайна гечдар доьху нохчашка. Шу кхета аьлла хета суна, ас цхьа вочу Iалашонца и дина цахиларх, ларамза соьгара даьлла иза", - бехказавуьйлу ингалсан блогер камерана хьалха.
Меттигерчу бахархошка даггара ларам а бу, шен блогехь Нохчийчоь дикачу агIор гайта Iалашо а яра шен бохуш, кхетош ву ингалсхо.
"Шуна хаьа-кх ингалсан пачхьалкхехь а, Нохчийчохь а долу гIиллакхаш тайп-тайпана хиларх. Юха а доьху ас, сайна къинтIера довлар. Ас тешалла до шуна, Нохчийчоьнах ас яьккхина рогIера сан ролик шуна товр ю аьлла", - дерзийна шен къамел Бенжамина.
