Добавить новость
123ru.net
World News
Июнь
2019

Гуьржийчу кеманаш лелийта йиш яц «Оьрсийчоьнан бахархошна тIехь кхерам а лаьтташ», боху Кремло

0
Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс довзийтира Гуьржийчу кеманаш лелийтар меттахIотто оьшург – «Оьрсийчоьнан бахархошна т1ехь лаьтта кхерам дIабаккхар». Иза цо элира пIераскан сарахь РБК агенталле.


«Гуьржийчуьра хьал меттахIотта деза, дIабаха беза цигахь вайн бахархошна духьаллаьтта кхерамаш», Песковс алар доцург, хууш дац муьлхачу битамаша гойтур ду цо буьйцу кхерамаш дIабевлла хилар.


ПIераскана Путин Владимира арахецначу омрица а догIуш, Оьрсийчоьнан авиакомпанешна тIебогIучу беттан 8-чу дийнахь дуьйна доьхку Оьрсийчуьра Гуьржийчу нах бигар. «Халкъан кхерамзаллин дуьхьа» бина бехкам маца юхаоьцур бу хууш дац.


Хьалхо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, бахархошна кхераме ду Гуьржийчу баха, аьлла. Документо бохура, Оьрсийчоьнан парламентан векалшна Iаткъамбина Тбилисехь.


Еарийдинан сарахь 10 эзар гергга стаг гулвелира Тбилисехь парламентан цIенна хьалха. Оппозицино емалдира Абхази а, Къилба ХIирийчоь а Гуьржийчоьнах дIакъастар къобалдина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Гаврилов Сергей Парламентийн юкъара керста ассамблея дIаяхьа кхайкхар а, цуьнга барамехь дакъалацийтар а. Ша Гавриловс дийцарехь, Тбилисехь нах гIело ян гIиртина цунна, цкъа тоха а тоьхна.







Оьрсийчоьнна дуьхьал къамелаш дира гуламхоша. Уьш дIасалаьхкира полицино резаьнкин даьндаргийн герзашца а, бIаьргехь хидоккхучу газаца а. Лазийр а 240 стаг, лецира 305.


ШолгIачу дийнахь (пIераскана) юха а гулбелира протестхой. Цара декхаревора даржаш охьадахка чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий, цхьаболчу депутаташа дан долийра керла парламент харжарца дозу къамелаш. Оппозицин аьтто баьлла цхьана декъанна – шен лаамца дарж дитина праламентан спикеро.








Оьрсийчоьнний, Гуьржийчоьнний юкъахь лела кеманаш хьалха а сецийна. Къилба ХIирийчохь конфликт иккхича, 2008-чу шарахь, Кремло сацийра Тбилисе кеманаш лелийтар. 2014-чу шарахь бен метта ца хIоттийра авиазIе.
Стохка Гуьржийчохь хилла Оьрсийчуьра 1,4 миллион вахархо, боху Оьрсийчоьнан пачпхьалкхан "Спутник" агенталло. Царех мел бу туристаш дац хоуьйтуш. Ца хеддаш Гуьржийчу лела "Аэрофлот", S7, "Уральские авиалинии", "Победа", Red Wings, "Нордавиа" компанийн кеманаш.
Тбилисерчу протестхоша шайн Iедална хьалха хIиттораш ду деккъа шайн пачхьалкхан чоьхьара хеттарш, дац уьш Оьрсийчоьнах я цуьнан бахархойх хьакхалуш.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net