Нохчийчохь ши кхиазхо велла хи чу а вахна
Цунна орцах вала воккханиг цхьа а ца нисвелла уллохь. Нохчийчуьрчу орцан министраллан белхахошна карийна цуьнан дакъа.
Изза бохам Iоттабелла цул а де хьалха, шинаридийнахь ТIехьа-МартантIерчу Закан-юьртахь. Iам чохь луьйчу 17 шо долу кхиазхо хи чу вахнера цу дийнахь. Ший а гIуллакх тергоне эцна, талламаш болийна республикехь.
