Теркйистерчу микрорайонна Кадыров Ахьмадан цIе тиллина
Маршо Радионо яздира, Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмадан инициативаца Нохчийчуьрчу Хоси-Юьртан цIе Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий деш хийцарх. Цунах лаьцна цо яздинера Инстаграмерчу шен агIонехь.
Нохчийн парламентан спикеран Даудов Мохьмадан лаамна тIе а тайна, Хоси-Юьртара бахархой догреза хилла, шайн эвлан цIе хийца аьлла яздира меттигерчу хаамийн гIирсаша.
"Нохчийн къомана хьалха хьакъ ву иза юьртан цIе лело, терроризмна тIехь толам баьккхина цо" бохуш, дIахьедира республикан Юкъараллан палатехь а.
