Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан къинтIера воккхуш, рогIера видео Iораяьккхина нохчийн инстаграм-пабликаша. ХIинца гечдар дехнарг ву Глазунов Максим цIе йолу жимстаг. Цуьнан маса шо ду а, иза муьлхачу гIалара ву а, дуьйцуш дац. Цуьнан видеох лаьцна динчу йозанехь сийсазво иза публикацин авторша.
"Миллионашкахь нохчий лам санна тIехIиттина стаг айхьа аьшнаш вале хьалха, Глазунов Максим, ойла стенна ца йира ахь", - яздина видео йовзуьйтуш.
Ша кхиазхочо видео тIехь дийцарехь, карарчу беттан 12-чохь "Iаламат сийзазе... Читать дальше...