Оьрсийчоьнца хинйолчу юкъаметтигехь вистхилла Зеленский
Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш муха хир ю аьллачу хаттарна жоп луш, "нормандин форматехь" дийцарш дIахьур ду аьлла керлачу президенто.
Зеленскийс бахарехь, уггар коьрта Iалашо ю - Донбассера тIом сацор.
Иштта цо дIахьедина, гергарчу хенахь шен командас Добнбассера конфликт бахьана долуш "информцин тIеман" план хIоттор ю, украинхойн журналисташка гIо а дохур ду ша аьлла.
