Нохчийн къоманна тIехIоьттира сийлахь чергазо Калмыков
Нохчийчохь Хьалхара тIом баьлла 20 шо кхочуш ду. Иза болабалар дуьйцуш ца хьахийча ца йолуш цIераш ю нохчашна тIехIиттинчу кхечу къомах болчу нехан: ГIалгIайчоьнан президент хилла Аушев Руслан, гIалгIайн могашаллин министр хилла волу оьрсийн тIеман ковра сацош шен дахар дIаделла волу Горчханов Тамерлан, Оьрсийчоьнан парламентан вице-спикер хилла Старовойтова Галина, бакъонашларъярхо Ковалев Сергей, кхиберш а.