Добавить новость
123ru.net
World News
Февраль
2017

Кхузткъе диъ шо дуьзна халкъан яздархочун Абдулаев Лечин

0
Хеттаршка вуьйлучех, заманан йохаллехь адамана хIетал-метал  хилла схьадеънарг, хьуламехь мел лаьттинарг  гайта а гIерташ,чолхечу хеттаршна жоьпаш лоьхучех ву Абдулаев Лечин синхааман турпалхо.


        «Лазийний? Лазийна,хьаха.


         Къарьеллий? Дера ца елла!


        Луъураш дуьйцийла наха,-


        Нохчийчоь яла ца елла». 


 Абдулаев Леча юххера вовза а вевзаш, дукха дешан говзанчаш бу шайн аьллар хилча и байт шайн дола йоккхур йолуш а,еккъа и цхьа байт  Леча веза-воккха байтанча лара тоаме хеташ а. 


       «Йожийний? Йожийна,хьаха.


       ГIоттур юй? Ас вала дуьллу-кх:


       ГIоттур ю гIоттучу малхах,


       Яха кхин малхах ца туьлуш».


Цо ша ма-аллара ,шек дIа а воцуш и могIанаш ша яздина хуьлуьйтур долчех цхьаъ ву махкахь дика вевзаш волу яздархо,нохчийн метта говзанча Исмаилов Абу. Цунна гергахь Леча,шех терниш дукха боцу, нехан дегнашкахь вуьсу волу,бакъволу байтанча а,гочдархо а ву.


Кху чиллана беттан 15-чу дийнахь вина мехкан халкъан яздархо Абдулаев Леча. Сан лаам бац цо дIалецна хилла даржаш,цуьнан орденш,мидалш ягарьеш,и мел,муха вара бохуш хастаме дийца. Дерриге а гуш цуьнан байталлехь. Цуьнан синхааман турпалхо гуттар а лехамехь кхоллараллин стаг хиларе терра, ойла кIоргга цхьана бухбацаре дIахьуш  дека цуо тIе «барзакъ дуьйхина» исбаьхьаллин дош. И могIанаш мацах мацах кхолладелла,куьце далош, цхьана кепа дерзийна делахь а, цара тахана тергаллучу  Iар –дахаран  хьесап  а дойтуш, бендацарийн «марахь» нацкъара ца вуьту.


Хьан йи хьо,Нохчийчоь, Хьуна дай хIитта,Хьо оьшурш,цаоьшурш  Бохуш нах литта?


    Мила ю хьан нана, Мила ву да а? Мила ву хьо екъна, Кхаьчна верг дакъа?


Мила ву гергара,мила ву хийра? Мила ву каш хьарам,хьан лаьтта кийрахь?


Мила ву юкъархо,хьуна тIевало? Муьлш бу и устазаш,- Хьо еза Iамо?


Мила ву уьш эшнарг,- Хьан сих са дага? Мила ву уьш лехнарг,- Хьан сих са къага?


    Байт юкъара и цхьа дакъа а тоаме хетало  и кхоьллинарг дахарехь  муха стаг,юьхьша ву хаадала, цуьнан шорто йолчу хаарех дешархо шекваккха.


Абдулаев Лечин кхоллараллех шена хетарг довзуьйтуш ю байтанча,Iилманча,исбаьхьаллин литература говзанча Жамулаева Лула. « Леча вовзийта гIерташ къахьега оьшуш хьал дац,-яздина тхан дехарна жоп луш Лулас.- Иза нохчийн литература кхуллучех тоьллачех тоьлла цхьа байтанча хилла ца Iа. Цуьнан байталла таханлера вайнехан литература ю-кх. Летература ю доьналлех,къармазаллех, исбаьхьаллех йоьттина, Делан къинхетамах,Кхоьллинчуьнга кхобучу тешамах  юьззина. Вазвала а ца гIерташ, мискъал зарратал кураллин хьу йоцуш,халкъана муьтIахь,цуьнан стогаллех бIобулуш,цуьнца цхьана тIемийн къахь ловш чекхваьлла  байтан. Суна Абдулаев Леча мила ву? Дукхабоцчу нохчийн исбаьхьаллин дешан говзанчех цхьаъ ву,тIекхуьучу чкъуро воьшу волчех, цуьнан байталла йовзарехь тIейогIучу хенахь вайн мах хадор болуш. Иза нохчийн яздархошлахь цхьаъ ву цо шен ирташкахь ,турпалхошкахь гойту  гIиллакх-оьздангалла,адамалла,къинхетамалла, вайнахалахь  лераме мел хилла кхи долу дика мел дерг шеца а долуш чекхваьлла стаг а.къонах а ву Абдулаев Леча.»


Ишта мах хадабо  дуккха шерашкахь  Лечин коллега ,»Нана» журналан редактор лаьттинчу Жамулаева  Лулас.


Абдулаев Лечин дукха байташ мукъаме а яьхна эшаршкахь екаш ю: »КIант», олий кхойкхура нана, «Лазийний? Лазийна,хьаха», «ГIенийн гIенаш..»


КIеда-мерзаллица,философан кIоргаллица,шатайпа  мах а хадош,дахарх ойла яйтарца къаьсташ Абдулаев Лечин байталла. Аьлларг алархьама аьлла дешнаш ду ца моттийта а балаба бо ас цуьнан байт юкъара  хIара масех могIа:


ХIан-хIа,нана,хийцам боцуш, Хьо дIаяларх дуьне-м лаьтта.


Шен рагI еъча, Iа а дулу, БIаьсте йолу хIокху лаьттахь.


Хийцам боцчу кху дуьненахь  Цхьаъ ду керла цу хьан кIентан,


Нана йоцуш хила Iемаш, Халла когаваха гIертар.


Къаьсттина дукха Абдулаев Лечин  байташ эшаршка ерзийнарг ву  иллиалархо Гадаев Валид.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net