Добавить новость
123ru.net
World News
Апрель
2017

Халкъан куьйга говзанчийн гайтам дIабаьхьира Соьлж-ГIалахь

0
Соьлж-ГIалин юккъерчу журналистийн скверехь дIабаьхьанчу куьйга говзанчийн гайтаме шортта говзанчаш баьхкинера, шайн похIма нахана шуьйрра довзийта. Лаам болчун хIума йохка аьтто а бара, амма соьман тIаьхьабевлла нах боцийла гуш дара цара шайн белхех дош олуш. Дечиг а, Iадхьокху а пондарш а, суьрташ а, дечигах йина пхьегIаш а, детех йина хIуманаш а, иштта кхин дIа а. Истангаш деш волу Исаев Султан жима стаг ву. Вуно чIогIа хаза а, дика а ду цуьнан белхаш. Маршо радионна цо йовзийтира ша лелочунна цхьацца агIонаш.


Исаев: "Цхьа истанг деш цхьа кIира сов хан йолу. Ас басар дина тIаргIа оьцу. Со петарехь вехаш ву. Хала ду цу чохь иза лело. Керча а беш батабо тIаргIа . Сан шичан ненан нана яра уьш деш. Цуьнгара схьаэцна ас говзалла".


Гайтаме хьажа а, хазаелларг эца а веанчунна, халкъан историх цхьацца къамелаш а хезара дара. ХIора пхьеран гонахь аьлча санна лаьттара нах цуьнан говзаллех а, кхин а шуьйра а хаттарш луш. Масала, дечиг пондарш деш волу Базаев Хьасан санна.


Базаев: "Урарту заманахь хенахь нохчийн тIеман байракх тIехь ши корт болу аьрзо хилла. Ткъа машаран байракхан тIехь ши корт болу кхокха хилла. Ас цундела дечиг-пондарш тIехь ши корт болу кхокха буьллу".


Дечиг-пондараш деш дуккха а говзанчаш бу Нохчийчохь. Базаев Хьасан массарна а вевзачарах цхьаъ ву. Вистхуьлуш цо иштта элира.


Базаев: "20 шо сов хан ю ас пондарш деш. Балалайкаш дIадахархьама, вайн къам самадаккхархьама деш ду ас. Къахьегча ша дерриг гуш хуьлу-кх".


Дечкех ша йина пхьегIаш лаьттачу стоьлан хьалхахь дуккха а нах бара. Iайг, чами, шун, куржка, чоьлпа а, шортта кхина а хIума йинарг ву Хьалха-Мартан тIера Салтханов ВахIид. Кхуран дечках йина цо дукха йолу хIума. Наха хеттарш а дора цуьнга.


Салтханов ВахIид: «Кхура дечка хилла массо а хенахь вайн дайш лелош. 20I5 шарахь хи чохь гуьйриг карийра суна. Ас цуьнах сайн кресло дина. ХIара ниттийн гал схьаоьцу чоьлпа ду».


Шен говзаллех а, цо шена бечу томах а лаьцна иштта дуьйцу дечкан пхьеро Салтханов ВахIида.


Салтханов: «Сайн цхьа сингаттам хилча, цхьа дечк схьа а оьций охьахуу со. Бежнаш а ду сан лелош. Вайнехан стаг пайденна хила веза чохь а, арахь а».


Ильясов Адам цIе йолу махкахь вевзаш волу суртдиллархо а вара гонахь дуккха а нах а гулбелла цхьаъ деш волуш. Халла цу гонна юккъевахча гира иза сурт дуьллуш вуйла. Цуьнан техниках тахана хIун олу а ца хаьа. Акрил а, басар а цхьана а тухий, гуран чуьра гатана тIе а дуттий, иза дIай-схьай сеттадо цо. Иза дIасаттийнчу агIор дIасадоьду. Ша садоIу боху цо иштта суьрташ дохкуш.


Ильясов: "ХIара техника суна гина а яц. Берашна иштта сурт дуьллуш хилча, цунна шена а лаьа иза дилла. ТIаккха компьютерна уллора дIавер ву иза. Ас садоIу уьш дуьллуш".


Дечиг-пондар бекаш хиларх цец ца волу тахана цхьа а, амма Iадхьокху пондаран аз хезча, дуккха а нах тIебоьху цо шена. Иштта хилира оцу гайтамехь, говзанчас ша бинчу цунна тIехь мукъамаш балийча.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net