Челябинскерчу набахтехь нохчо валарна бехкебо полисхой
Набахтехь тутмакхашна еттарна а, чохь валло Нохчийчуьра вахархо валарна а бехкевинчу колонин виъ белхахочун ладегIарш хилла Челябинскерчу Металлургийн кIоштан кхелехь. 6 шарна тIера 12,5 шаре кхаччалц царна набахтехь такха хенаш тохар тIедожийна бехкебечийн агIоно.
2015-чу шеран Iай набахтехь иккхинчу инцидентехь веллера тутмакх, адвокато Мухамеджанов Булата бахарехь.Талламчийн зерашца, шайн боцчу безамна колонин белхахочо тоьхна хиллера нохчийн тутмакхна Исраилов Султанна. Пенах корта а кхеташ, гIант тIе охьавоьжна хиллера хIетахь Исраилов.
Цул тIаьхьа шина белхахочо ШИЗО-н хадечуьнга резинан гIаж а, куьйгах туху гIоьмаш а, хIусаман догIанаш а шайга схьа а даьхна, чуьра араваьккхинера иза. Тутмакхна Исраиловна гIоьмаш а тоьхна, йиттина хиллера цара, цул тIаьхьа шаьш ирхуллуш, цо суицид йича санна сурт хIоттош.
"Исраиловн гIора ца хиллера шен логах бина шад баста а, я меттахвала а. Ишта валар хиллера цуьнан", - аьллера адвокато Лепехин Андрейс.
Цо чIагIдарехь, ша чохь хан йоккхучу заманчохь Исраилов Султана дикачу агIор гайтина хиллера. 30-зза набахтин администрацино дикачу агIор билгалваьккхинера иза совгIатца.