Дозанан хаттар юха а толлур ду гIалгIайн конституцин суьдо
Латкъам луьстуш кхеташо хир ю кху беттан 25-чу дийнахь.
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамчо Перехрист Артема дийцарехь, массо а суьдхо вац, озабехам а ца беш, сацам тIеэцалур болуш, хIунда аьлча уьш дакъалоцуш бара шина регионна юкъахь доза къасторна дуьхьал хиллачу акцехь.
