Добавить новость
123ru.net
World News
Июль
2018

"Хийцалур дац хIумма а". Ярославл-мохк, тутмакхашкара шийла хьал

0
Алина Пинчук, Маршо Радио (оьрсийн редакци)



 


"Новая Газета" ("Керла Газет") дара Ярославан махкарчу №1 набахтехь тутмакхна етташ яьккхина видео дуьххьара гайтийнарг. Иза яьржинчул тIаьхьа 6 набахтин белхахо лаьцна Iедало. "Юкъараллин вердикт" фондера адвокат Бирюкова Ирина яра Макаров Евгенийна рогI-рогIехь етташ хьийза Iедалхой нахала баьхнарг – цуьнан цул тIаьхьа сихонца яда дезна Оьрсийчуьра, Талламан комитете шена хадар а доьхуш.


Набахтешкахь тутмакхашна етташ хиларх лаьцна баржочу хаамаша цец ца воккху цхьа а. Карелерчу №7 набахтехь "растяжка" ("дIасаозор") олу таIзар деш хиларх, Омскерчу набахтехь хин биргIа я гIентан ког хьашт доццучу буллуш хиларх, иштта, кхечу набахтешкахь борша стаг зуда санна лелош хиларх дуккха а дийцина хаамаш баржо маьрша йолчу хьостанаша.


И дерриг а хууш йолу Оьрсийчоь инзаръяккхина Ярославлехь Макаровна етташ яьккхинчу видеоно. Амма бакъоларъярхоша тоьшалла до оцу видеоно гойтург даьржина лела зулам хиларх. Бакъду, боху цара, кIезиг аьтто болу и санна видеош каро а, яржо а.


Прокурор лаьттина а, ша набахти текхна а волчу "Русь сидящая" ("Чохь йоллу Оьрсийчоь") проектан кураторна Федяров Алексейна хетарехь, резонанс елларг ду набахтера Iазап нахана шайн бIаьргашца ган таро ялар:


"Тутмакхаша а, бакъоларъярхоша а набахтешкахь етта аьлча, кIезиг теша цхьаберш. Набахтешкахь лела хьал видеошца довзуьтуш латто йиш хилча, вуно дукха гина хир яра халкъана и санна видеош – лелаш ду еттар-хьийзор".


Видео: 18 набахтин белхахо ву рогI-рогIана тутмакхна Макаровна етташ, резаьнкин гIаж - когийн кIажойх, бетах - буйнаш. КIажош лазаро тхьузболийча, царна тIе хи детта, юха а етта. Кхетамчуьра волуш лаьтта Макаров декхарево ша набахтин цхьана белхахочуьнга вон дош аларна дохковаьлла баха. 10 минотехь яьккхина ю видео, амма дечу къамелаша хоуьйту тIаIзар тутмакхо кхидIа а ловр дуйла.







"Iазапна духьалоечу комитетан" куьйгалхочо Каляпин Игора а боху видеоно гойтург набахтешкахь лелаш дерриг ду:


"Журналистийн кара а кхаьчна, видео дIасаяржар – иза ю эксцесс, ша хилам могIарачех бу. Журналистийн кара муха, стенна кхаьчна видео – иза ду хIинца пачхьалкхерчу набахтийн урхалло талла айдинарг. Дисинарг – даьржина леларг ду. Ас ца боху, набахтешкахь деладенна лаьтта и хьал, амма боху – даьржина лела хьал ду иза".




Каляпина дийцарехь, шаьш даима беш хуьлу болх бу видео чохь Iедалхоша бийриг. Шо хьалха яьккхина ю и видео, цхьаммо а ца дина хиллачух лаьцна арз, Ярославлера талламчаш хьаьвсина видео, амма цхьа а ца карийна бехке, дуьйцу Каляпина.


Оццу хьокъехь ишта элира "Юкъараллин вердикт" фондерчу адвокато Бирюкова Иринас:


"Массо а регионашкара кхочу тоьшаллаш. Делахь а, шайна таIзар цхьаммо а дийр доцийла хаьа набахтерчу белхахошна. Оцу видеотоьшаллица доьзна гIаттийна дов ялхазза юхадаьккхина. Тхан кхин дан хIума дацара, оха дов Европан кхеле делла. Iедална ца лаьа хьал массанхьа а даьржинна лелаш хиларх даредан. Видео яржар – шатайпа ситуаци ю".




Бакъоларъярхойн яц цхьа а бакъонаш, боху Федяров Алексейс. Стенна яц а дуьйцу:


"Талламча хьаьжира видео, хIетте а ца даьккхира хьал бехктакхаме. Полиграфолого а элира, хилларг ду видеоно гойтург. Кхин стенга кхача деза тхо? Дов айдан бакъо йолуш еккъа цхьа Талламан комитет бен яц, ткъа цунна ца лаьа иза дан. Мел йоккха харцо ю! Шен белша тIера погон яьккхина алал полисхочо – сихха гIаттадо дов 318-чу артиклца. Цо ша иза аьлчхьана тоьа, кхин тешаш а ца оьшу, стаг чувуллуш ву. Ткъа кхузахь йиттина, иза гуш а ду, амма Талламан комитето ца айдо дов".


Тутмакхна еттарх долу дов кхеле кхачо а, сацамца дерзадайта а вуно чIогIа къахьега деза бакъоларъярхойн а, шайн тутмакхийн а. Дукха хан йоццуш Оренбургехь хан туьйхира кхело меттигерчу набахтин куьйгалхочунна а, цуьнан гIовсна а: тутмакхна йиттина а ца Iаш, зуда санна хьийзийнера иза. Ши шо ийшира бакъо толо, боху Каляпин Игора:


"Зулам набахтерчу "кура тутмакхийн" ("блатнойчийн") карах динера. Ша коьрта хьакам тIехьожуш а Iаш, цуьнан гIовс видео йоккхуш а воллуш. Иза сан верси яц, талламо а, кхело а листинарг ду.Шина шарах хьийзира тхо бехкенаш кхеле балош. Оренбургера юристаш майра хьийзарна а, ша тутмакх къонах хиларна а кхачаделира тхоьга и дов сацаме. Система чIогIа духьалъяллера. ХIинца, кху видеоца доьзнарг – журналисташ дIатуьйр бу, дов дижо гIертар бу талламчаш ма-хуьллу".




Бирюкова Ирина теша видеона гонах иккхинчу гIарано кхерамзалла кхачор ю шена Макаров Евгенийна а, иза яржийначу журналисташна а, бакъоларъярхошна а бохучух.


 


                                              Делахь а хала ду бехкечарна доггIу таIзар дийр ду ала, боху Федяров Алексейс:


"ХIумма а хийцалур дац, я хийцалундерг цхьаъ ду – тIедустучу Iазапан кепаш. Набахтийн урхалла толлуш ю хилларг, цо хIитточу хеттаршлахь коьртаниг ду "хьан нахала даьккхина хьал?"  Видеорегистраторшца экамо хила тарло хIинца набахтера хьакамаш. Бехкевенверг, хетарехь, таллам болийна волу къона талламча ву. Видео чохь етташ воллучу 18-ннах 10-12 тешийн могIара ваьккхина хIинцале".





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net