Экстремизме материалаш социалан машанехь яржорна гIуда тоьхна вахархочунна
Интернетехь мониторинг ечу хенахь гучудаьлла махкарчу цхьана жимчу стага "ВКонтактерчу" шен агIон тIехь кхелан сацамца экстремизме лерина, федералан тептаре яьхна артиклаш яржош хиллийла. Оцу бахьанашца цунна дуьхьал айдинчу административан гIуллакхца а догIуш, гIуда хьарчор ду вахархочух.
Билгалъяьккхинчу сферехь дерриг дуьхьалдаьккхинарг ду 50 гIуллакх. Царех 41-нна тIедожийна 52 эзар сом гIуда.
