Добавить новость
Главные новости Буйнакска
Буйнакск
Май
2020

"Сахиллалц дIабухкуш бара нах"

0

Дагестанерчу Лахара Казанищехь меттигера дарбан хIусам наха вовшахтоьхначу ахчанашца кечйира, яздо "Кавказ.Реалиис". Акаев Абусуфьянан цIарах фонд схьайиллинчу Акаев Шерифуллас Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана гулдеш дара COVID-19 ун даьллачу нахана гIоьнна ахча, кхойкхуш бара волонтераш а.

20 эзар стаг вехачу юьртахь 100 маьнга хIоттийна цхьа лазартне бен яц. Пандеми яьржичхьана кхузахь велла 30 гергга меттигера вахархо. Коронавирусан инфекци хилар тIечIагIдина дацара тесташ цахиларна.

Лоьрашца а, медикаменташца а, хьаькамийн леларца а долчу хьолах дийцира "Кавказ.Реалиин" корреспондентаца хиллачу интервьюхь Акаевс.

- Карарчу беттан 2-чу дийнахь сан юьртахочо телефон туьйхира соьга. Пневмони хьакхаеллачу цуьнан дена молханаш оьшура. 78 шо долуш къано вара иза. Халла карийра тхуна телефонехула консультаци ян лор, молханаш ас сайна тIелецира. Деа сахьтехь Буйнакск теллира ас: цхьана а аптекехь ца карадора молханаш. Ур-атталла, парацетамол а дацара. Шина препаратан аналогаш карийра суна, ткъа дисинарш ватсаперчу группашкахула сайна бевзачу нахехь лоьхура ас. Со кхийтира доьхна гIуллакх хиларх. Хьал кхераме дара, дарба дан молха дацара. Сан дукха бу гергара нах: пхи ваша а, ши йиша а, нана а, сайн доьзал а, берийн бераш а. ХIун дан деза, коронавирус хилахь?

 

Дарбан хIусамашкахь а молханаш ца хилар гучуделира. Дархойн гергарчара латто дезаш дара молханаш. Массо а социалан машанашкахула хоьттура ас, йоллу Оьрсийчохь лоьхура препараташ. Москвахь а, Ростовехь а, Санкт-Петербургехь а, иштта, Сургутехь а цхьаьна лоьхура ас. Кеп-кепарчу регионашкахь бехачу тхан махкахоша даийтира шайна карийна молханаш. Цхьайолу медикаменташ дарбан хIусаме дIакхачийра оха. Цул сов, коронавирусаца къийсам латто Iалашонца ахчанаш вовшахдетта а долийнера оха. Итт дийнахь 2 700 000 сом гулделира тхан.

- Ткъа хIун хьал ду медицинан белхахошца?

- Дукхахболчу белхахойн 65 шераш ду, уьш а изоляцехь латтош бу. Лоьрийн къоьлла хIоьттинера дарбан цIийнехь. Боьлхура пациенташ шайгарчу лазарна, шаьш дIатесна хета уьш, кхера а кхоьрура. Юха а мессенджершкахула кхайкхамаш бора оха, лоьраш лоьхуш. ШолгIачу дийнахь шайн лаамца балха араелира пхи лор-йиша. Ткъа медицинан доьшийлашкара лаккхарчу курсашкахь болчу студентех а, дарбан хIусамашкахь болх ца беш йоккха юкъ йоьллачу нахах а волонтерийн тобанаш йира оха. Верриг а 100 гергга стаг вара уьш.

- Ткъа эпидемех Iалашвен гIирс барий лоьрийн?

- Юьхьанца я дарбан хIусамехь а, я поликлиникехь а цхьа хIума яцара. Могушаллин министраллан ницкъ ца кхечира. Тхаьш вовшахтоьхначу ахчанах оха мел оьшу гIирс а, тхайн волонтершана а, дарбан цIийнерчу лоьрашна а тIедуху барзакъ а цхьаьна ийцира. 415 дархочунна молханаш дIакхачийра тхан фондо. Шайн-шайн цIахь дарба лелош бу уьш. Студенташа терго латтайо цаьргарчу хьолана, царна тIе а оьхуш. Хала хеташ делахь а, тхан цхьана волонтерна а ун даьлла.

- Официалан Iедалхошна муха хета аш бен болх?

- Могушалла Iалашъяран декъан куьйгаллина ца тов, царна ца лаьа оха долчух Iорадаккха а. Шайн гIуллакх доцчу юкъа гIерташ ду шу, лоьрашна шайн функцеш кхочушъян новкъарло йо аш боху тхоьга. Бакъ дац иза. Дарбан цIийнан кевнан иттех метар дехьа схьайиллина оха тхайн штаб, ситуаци ма-ярра хаийтархьама. Препараташ яц, хьаькамаша боху, оццул дукха цомгуш нах хир бу аьлла, дагахь дацара шайна. БIе маьнга хIоттийна дарбан хIусам тIехюьзна ю, 105 пациент ву цигахь охьавиллина. Оцу массарна а ши лор а ву. Коронавирусан ун даьллачу нахана дарба дан схьавоуьйту гинеколог а, офтальмолог а, ткъа царна ма ца хаьа дан дезарг. Цхьа а томограф яц, цхьа пехашка садоIуьйту аппарат (ИВЛ) яц.

Компьютеран томографи яккха а Буйнакске хьийсабо дархой. Лазартнехь охьабехкина дархой узарш деш Iа. Кислородан ши аппарат бен яц дарбан цIийнехь. Ткъа пациентийн цIийца кислород хиларан барам 80, 70, 65 хуьлу. Даим а иза 30-не кхаччалц охьаболу - нах ле, дан хIума дац. Юьртахь ерриг а кислородан ши апппарат бен яц. Интернетехула кхин а йиъ карийра тхуна, лелийна-м ю уьш, делахь а, кIеззиг болх бина ю.

- COVID-19 юй хьожуш, тесташ йой?

-Тесташ янне а яц. Коронавирусах леш бодчу нехан статистикехь хир бац уьш. Бакъду, Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана тIаьхьий-хьалхий адам леш-м ду. Цхьана буса ялх тезет даьллера, шолгIачу дийнахь - кхин а ворхI. Сахиллалц нах дIабухкуш бара. ТIеман хан йолуш санна хета-кх. Доккхачу декъанна леш берш гIеметтахIиттина нах бу. Масала, 43 шо долу стаг кхелхира, спортхо а, 48 шо долу спортан комплексан директор а, 30 шаре ваьлла меттигера жимстаг а. Цхьацца доьзалашкара масех стаг леш меттигаш а хилира цхьана кIиранчохь. Уьш кIелхьара баха тарлора, нагахь санна, юьхьанца дуьйна, молханаш а, медицинан гIирс а хиллехьара.

- Дуьххьара белларш дIабухкуш адам гулдаларна тIаьхьа даьржира ун. Зенаш а ца деш, муха дIаволла мегар ду велларг?

- Юьртана гена доццучехь цхьа меттиг карийра тхуна, бусулба динан Iадаташ а лардеш, велларг лийчо тарлуш эпидемех ларвен барзакъ а доьхна. Кхул хьалха, лар а ца луш, нах дIабохкарна эпидеми яьржинера.

- Шу шаьш муха ларло?

- Хьалхарчу деношкахь дуьйна лелош еккъа цхьа масканаш ю. ХIинца кхета тхо, цунах гIуллакх хир доцийла. Кхераме ду. Тхешан машенаш тIехь цомгуш хилла нах лоьрашна тIе буьгура оха. Тахана со суо а ву дегIан температура йолуш, лоьрашца зIенехь ву-кх со.






Загрузка...


Глава Дагестана Сергей Меликов
Дагестан

Глава Дагестана выступил за запрет на ношение никаба


Спорт в Дагестане
Дагестан

Росгвардейцы Дагестана — чемпионы СКФО по служебному биатлону


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Анна Калинская

Теннисистка Калинская не примет участие в Олимпиаде, несмотря на допуск от МОК, сообщил Тарпищев


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в Дагестане
Дагестан

Инфекционист перечислил эндемичные геморрагической лихорадке регионы России





Путин в Дагестане
Дагестан

"По кровной мести убьем всех!" Кадыров - решим, а Дагестан предает Путина


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Посол Беларуси: Визит Лукашенко придал дополнительный импульс развитию двустороннего сотрудничества




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в Дагестане


Здоровье в Дагестане


Частные объявления в Буйнакске, в Дагестане и в России






Загрузка...

Загрузка...



Виктор Тепляков

Депутат ЗСК Виктор Тепляков провёл комиссионный осмотр Центра творческого развития в Сочи



Буйнакск

Более ста жителей Буйнакска остаются в больницах из-за отравления водой

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net