Шайх Ушарма кхелхинчу гIопехь
![Шайх Ушарма кхелхинчу гIопехь](https://gdb.rferl.org/bf1b2dbe-7b98-4dc3-a90e-cfb5750797b7_tv_w800_h450.jpg)
Къилбаседа Кавказан хьалхара имам хилла шайх Ушарма. 1785-1791-чу шерашкахь халкъаш паргIат дохучу гIаттаман коьртехь лаьттина Алдара схьаваьлла нохчо. 1791-чу шеран Анапа гIап южучу деношкахь йийсаре верзийна иза. Екатерина ШолгIачун омрица воьллина Шлиссельбургерчу гIопан набахти чу. Чу серло кхеташ а йоцчу чоьнехь кхаьбна пехийн лазарх кхо шо даьлча валлалц.