Лаьцна латточу гIалгIайн жигархочо Чемурзиев Бараха шолгIа арз дахьийтина Европан кхеле
Магасехь хиллачу гуламца доьзна лаьцна волчу Чемурзиев Бараха шолгIа арз дахьийтина Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхеле. «Правовая инициатива» («Бакъонан инициатива») проектан векалша дийцира «Кавказ.Ркалиига» цунах лаьцна: Европан кхеле ша хьажийначу шолгIачу орзехь Чемурзиевс билгалдаккхина, ГIалгIайчуьра гулам маьрша Iалашонаш йолуш а бара, иза йоьдучу муьрехь гуламхоша низам а ца талхийна, аьлла. Оьрсийчоьно шена тIехь ечу кхелехь агIонашна къовса магош йолу принцип талхайо, аьлла ду Чемурзиевн арз. Читать дальше...