Къилбаседа Кавказехь 8 стаг велла, 302 цомгуш хилла коронавирусах т1аьххьарчу дийнахь-буса
Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 8 стаг, цомгуш хилла 302, боху уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан оперативан штабан терахьаша.
Ставропол-махкахь велла кхо вахархо, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь – шишша, Краснодар-махкахь – цхьаъ. Коронавирус яьржичхьана верриг а велларг ву Къилбаседа Кавказехь, официалан хаамашца, 887 стаг.
Дийнахь-буса уггаре дукха нах цомгуш хилла коронавирусах Ставропол-махкахь – 91 стаг.
Ставропол-мохк +91 (6394 юьхьанца дуьйна)
Краснодар-мохк + 65 (6912)
Дагестан + 42 (8602)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 41 (5686)
ГIалмакхойчоь + 38 (2220)
Кхарачой-Чергазийчоь + 25 (4109)
Къилбаседа ХIирийчоь + 16 (4287)
ГIалгIайчоь + 16 (3344)
Адыгей + 16 (2291)
Нохчийчоь + 12 (1863)
Къилбаседа Кавказехь юьхьанца дуьйна коронавирусах цомгуш хилла, 1едалан статистикаца, 45 592 стаг, ткъа ерриг Оьрсийчохь - 746 369.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.