ГIалгIайчуьра ши тIеман полисхо лазийна Идлибехь
Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан хан декъера ши эскархо-гIалгIа лазийна Шемарчу Идлибехь. ТIеман полисхой бу уьш. "Главком РИ" телеграм-канало видео яржийна цунах лаьцна.
Эрих олучу меттехула, М4 некъа тIехула чекхдолуш, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а эскархойх лаьтта ха тIенисделла лаьттах йоьллинчу оьккху коьчална. Лазийначаралахь ву Оьрсийчуьра кхо салти а, туркойн эскарера масссех а, хаам бина SITE портало.
Ши бутт хьалха Шемарчу бахархоша тIе тIулгаш диттира шайн меттигашкахула чекхйолучу Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан эскархойн машенийн ковранна. Иза дара Алеппо а, Латакийа а кIошташна юккъехула чекхболучу некъа тIехь.
Хьалхо Идлибехь меттигерчу бахархоша некъ бихкира цхьаьнатоьхначу Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан хан декъан.
2019 шеран гурахь хаам баьржира, пхоьазлагIа йоьдуш ю ГIалгIайчуьра тIеман полици Шема, аьлла.