123ru.net
World News in Chechen
Февраль
2020

"Дицдан ца туьгу". Оьрсийчоьнан векалт - Немцов Борисан цIарахчу майданахь ю

0

Материалан авторш Вагнер Александра а, Митюхина Юлия а, "Свобода" Радио

Оьрсийчоьнан оппозицин политикан Немцов Борисан цIарах хир ю Прагера оьрсийн векалтна хьалхара майда, яздо "Свобода" Радионо. Чехин шахьаран кхеташоно тIеэцна ишта сацам. Хетарехь, Чиллан-беттан 27-чохь, Немцов вийна пхи шо кхочуш, майданара у хийца лерина бу.

ГIалин кхеташонан депутаташа динчу дIахьедарехь, майданна Немцовн цIе тилларца Прагас ша оьрсийн оппозицигахьа а, бакъонашIалашъяран боламашкахьа а хилар дIахоуьйту. Ишта, Прагин мэра Гржиба Зденека бахарехь, гергарчу хенахь церан Iалашонехь ду - оццу кIоштарчу аллейна, 2006-чу шарахь шен цIенна хьалха йийначу журналистан, бакъонашларъярхочун Политковская Аннин цIе тилла.

"Демократи латто гIертара Немцов а, Политковская а, цундела ямартлонца дийна ший а. Дагахь латто хьакъ бу и нах", - яздина Твиттерехь Гржибас.

Оьрсийн политик Немцов Борис вийна шо кхочуш хIоттийначу петицина тIаьххье сацамбира, Оьрсийчоьнан векалтна хьалхара урам Немцовн цIарах хилийта лаам кхоже баккха.

Деа шерачохь петицина бухахь куьйгаш яздира 4, 5 эзар стага. Цуьнан инициатор вара гIалин кхеташонан цхьахволу депутат, "Зеленые" партин декъашхо Кутилек Петр,

"Президенто Гавел Вацлава юкъадаьккхинчу ламастца а догIуш, кхузаманан Чехин истори демократин а, дуьненчохь адамийн бакъонаш Iалашъяран а идейшца йоьзна ю, - яздина петицехь. – И бохург ду - майрачу нахана тIехIотта доьналла хилар. Авторитаран а, демократи йоцчу куьйгалхошна а, церан режимна а дуьхьал къийсам латточарна тIетар. Шен са а ца кхоош, шен аьтто бохарна а ца кхоьруш, къийсамехь болчеран дог эцар. Тхуна, демократин пачхьалкхера хиларе терра, бицлойла дац уьш…".

Стохка Марсхьокху-баттахь кхи цхьа петици а арахийцира, майданан хьалхалера цIе хийцаза йита луучара язйина. Цхьа эзар ах эзар сов стага къобалйира иза.

"Тхан синтем байна, муха кхето гIерта Прагин мэри шайн сацамех, - яздо петицин авторша. – Майданан цIехийцарх кхаж тасале де хьалха бен хаийтина а дац, я кхетам боллуш бахархошна цунах лаьцна довзийтина а дац (бьйцурш бу Бубенеч кIоштахь бехарш). Оцу бахьанца гуш ду, 4 шерачохь йоллу пачхьалкхерчу 4, 5 эзар стага бен куьгъяздина йоцчу беламечу петицин бух тIехь цIе хуьйцуш хилар. Цул совнах, топографин комисси шозза а тIе ца тайнера оцу лаамна, амма цIеххьана церан ойла хийцаялар, оха шеконе дуьллу", - аьлла бу кехатан чулацам.

2017-чу шарахь йовзийтинчу хьалхарчу вердиктехь а, стохка, 2019-чу шарахь бинчу сацамехь а Прагин топографин комиссино хIинццалц Под каштанами аьллачу майданан цIе хийца шаьш дуьхал хиларх ишта кхетийра. Оцу меттиган вастаца йогIуш ю бIе шо гергга сов лелош йолу цIе аьлла, дIахьедира цара.

1925-чу шарахь тиллина цу майдана и цIе, хIунда аьлча, цигахь дуккха а каштанаш дара кхуьуш.

Оцу юкъанна дуьхьал ца хилира комисси Прагерчу кхечу юкъараллан меттигна Немцов Борисан цIе тиллийта. Карарчу беттан 7-чохь комиссино тIечIагIдира, Оьрсийчоьнан векалт тIехь йолчу майданан цIе хийцар.

Цигахь нехан хIусамаш яц, цIе хийцарца Бубенеч кIоштарчу бахархошна оьшур дац шайн документаш хийца аьлла, кхетийна комиссин декъашхоша.

 

Прагерчу журналисто Соукуп Ондржейс дуьйцу, муха тIеийцира Чехин бахархоша майданан цIе хийцар:

– Майданан цIе хийцар- жигархоша дехха къийсина, деа шарахь гергга дийцина хIума ду. Дуьненаюкъарчу кампанин цхьа дакъа дара и идей. ГIалин урхалхоша ехха дуьхьало латтийра, делахь а, эххар а аьтто белира меттигера депутаташ къарбан.

Кхин а техникан цхьа хаттар дара кхузахь, оцу майданахь вехаш ву аьлла, дIаязвина стагга а вац. Оьрсийчоьнан векалт йоцург, кхи гIишлош а яц цу тIехь. Цундела агIончийн аргумент яра - цхьаннан а паспорт хийца дезар дац аьлла. Цхьа ледара хIума хетахь а, политикашна коьрта дара иза. Нагахь санна, политикан гIуллакх бахьана долуш документаш хийца дезаш хиллехь, бахархой эргIаде хир бара.

- Чехин бахархошна хIун аьлла хета майданан цIе хийцарх? Ши петици ма ярий хьалхатеттина: гIалин кхеташонан цхьахволчу депутато язйинарг а, Бубенеч кIоштан бахархоша дуьхьалъяьккхинарг а. ЦIе хийцарна дуьхьал яра шолгIаниг. Кхи цхьа хаттам а бара зорбанехь бина, цигахь а агIончийн а, дуьхьалончийн а терахь цхьатерра дара ала мегар ду.

– Юкъаралле кхи дIоггара хаьттина хIума а дац. Суна хетарехь, дукхахберш дуьхьал хир бацара. Немцов Борисан цIе массанхьа а юьйцуш ю, амма олийла дац, массо а чехашна иза вевзаш вара, цуьнан биографех хууш дара. Карарчу хенахь Кремлан режимо шен оппонеташна хIуъа а дийр дуй хоуьйтуш символ хила тарло Немцов, - аьлла, дийцина Прагерчу журналисто Соукуп Ондржейс.

Оьрсийчоьнан дипмиссина гергарчу майданан цIе хийца Iалашонца гIалин кхеташонан депутаташа бина сацам емалбира хьалхо Чехин президенто Земан Милоша.  "Хаа а хууш, политикан гIулч ю иза", - аьллера Земана депутаташа арадаьккхинчух.

 Дуьненчуьрчу тайп-тайпанчу гIаланийн топонимикехь тIаьххьарчу шерашкахь йийцаяьккхина Немцов Борисан цIе. 2018-чу шарахь Чиллан-бутт бовш Вашингтонехь схьайиллира Немцов-плаза. 2018-чу шарахь Вильнюсехь оьрсийн векалтна уллохь схьайиллира Немцов Борисан сквер. Киеверчу оьрсийн векалтна хьалхарчу скверна а тиллира 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь Немцов Борисан цIе.

2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Кремлна гена доццучохь герз тоьхна вийра оппозицин политик Немцов Борис. Ярославан думан депутат вара иза цу хенахь. Иза вийна аьлла, бехкевина пхи стаг ву лаьцна, набахтехь хенаш токхуш. Ткъа иза вен хьажийнарг мила ву хIинца а къастанза дуьсуш ду.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин: парковка в Москве на майских праздниках будет бесплатной


Спорт в России и мире
Москва

Расплата за расточительство! ФК «Оренбург» на домашнем поле уступил ФК «Динамо» (Москва) – 1:2


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Кудерметова выиграла турнир WTA в Штутгарте в парном разряде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Московскую компанию заподозрили в хищении 103 млн рублей при реализации нацпроекта в Орле





Путин в России и мире
Москва

Тема дня: Путин назвал сохранение духовных ценностей условием укрепления суверенитета


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

VII Всебелорусское народное собрание: основные заявления Александра Лукашенко




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Во Франции назвали бредом слова Зеленского про угрозу Путина Европе


Навальный в России и мире
Москва

Священнику, отпевавшего Навального, запретили носить рясу и крест



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Шарлот

Суд продлил арест певца Шарлота до 29 мая



Москва

Пьяный москвич попытался дать взятку автоинспектору в пачке сигарет

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net