Некъа тIехь иккхинчу девнехь стаг вийна ХIирийчохь
Къилбаседа ХIирийчохь, Алагиран кIоштарчу некъаца кIиранан буса герзаш а детташ, даьллачу девнехь вийна 36 шо долу машенлелорхо.
Меттигерчу полицин хьасто "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца шина машенан да а, церан пассажираш а бу некъа тIехь иккхина цатам луьстуш вовшахлеттарш.
Стаг верна бехкевеш лаьцна 28 шо долу мехкан вахархо.