Къам махкахдаккхар дагалоцу гулам байтина Кадыровс тIаьххьарчу 8 шера чохь дуьххьара
Сталинан омрица нохчий махках баьхна 76 шо дузар гуламца билгалдаьккхина Соьлжа-ГIалахь. Оцу бараман башхалла ю кху тIаьххьарчу 8 шера чохь иза дуьххьара хIоттийна хилар.
Депортаци яр Чиллан-беттан 23-гIа дийнахь билгалдаккха дихкира нохчашна Кадыров Рамзана. И къоман тезетан де шен да Кадыров Ахьмад дIавоьллинчу Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира цо.
Омра дохийна волчу юкъархочуьнга Кутаев Руслане, цо вайнах махкахбахарх лаьцна конференци хIоттийча, лаца а лаьцна, наркотикаш лелийна аьлла, набахти такхийтира. Иза мукъавелира набахтех 2017 шо доьрзуш.
Кху муьрехь Кадыровс юха а неIалт аьлла Сталинна.
«Мацаллица, шелонца, харцонца, къизаллица вайн къам дерриг а хъIаллакдан воллуш хилла Сталин. Къам хIаллакдина а ца Iаш, цуьнан истори, синбахам, вайнах баьхначу даймахкара церан лар а тIехь яйа буьйр дина хилла цо», - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо "ВКонтакте" машанехь.